Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Июль
2018

Новости за 20.07.2018

Radiomarsho.com 

Пенсе воьду хан тIетохар ца тов Путинна

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дIахьедар дина, дукхах болчу махкахошна санна, пенсе воьду хан тIетохар ца тов шена аьлла. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло. Мехкан куьйгалхочо бинчу хаамца, кхоччуш сацам цу хаттарехь бина бац. Цо дош делла пенсе воьду хан хьокъехь нахана хетачуьнан мах хадо хьожур ву ша аьлла.  Путина дийцарехь, Оьрсийчохь хIора болх бечу 6 стагана 5 пенсионер кхочу. Нагахь и баланс кхин а галъялахь "пенсин система эккхар ю", боху цо.

Radiomarsho.com 

Колонехь шайна еттарна латкъам бина ГIирмерчу тутмакхаша

Оьрсийчоьно нуьцкъала дIалаьцначу ГIирмехь Керч гIаларчу номер 2 йолчу колонехь хан токхучу 70 сов тутмакхо латкъам бина, администрацин белхахоша шайна етта аьлла. Цара дийцарехь, тутмакхашна ницкъ бо видеокамераш йоцучу чоьнашна чу а буьгуш. Царна юкъахь ю хадечу декъан чоь а, гIуданан изоляторе вуьгуш таллам бо чоь а, цхьацца колонин хьашташна оьшург латтон чоьнаш а. Чубоьхкинчарна етташ а, уьш хьийзош а даима а дакъалоцуш хуьлу номер 3 йолчу тобан коьрта гIуллакхдархо Фомин Михаил а, карантинан... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шема: Асадан эскарш улле гIоьртина Голанашна

Шеман президентан Асад Башаран тIеман ницкъаша дIалоцуш ю, цу мехкан къилба-малхбузера, Израило Iуналла деш йолчу Голанан лакхенашца Iуьллу территори. Кунейтра провинцера и меттигаш гIаттамхойн карахь яра масийтта шарахь. Амма тIебогIучу Асадан ницкъах цаьрга лар ца елира уьш. Малхбузерчу хаамийн гIирсаша дийцарехь, Оьрсийчоьнан эскаран векалша юкъарло а лелош, барт бина цу кIоштахь герзаш деттар сацо. Голанан лакхенашца Iуьллучу территорина урхалла дар шайн караоьцур ду Шеман Iедалша. Герз охьадилла... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Путин а, ненан мотт а

Нисса цхьа шо хьалха Путин Владимира дIахьедира, къаьмнийн меттанаш нуьцкъала Iамор тIедожо мегар дац аьлла. Ткъа хIун хилира цул таьхьа?

Radiomarsho.com 

Титиевн дов хоттуш лебина тешаш

Шеларчу гIалан кхелехь Титиев Оюбан дов толлуш хиллачу кхеташонехь лебина тешаш. Теш ву аьлла цига валийнера бакъонашларъярхо дIалоцуш болх беш хилла 7 полисхо. Титиевн адвокато чIагIдарехь, церах цхьанге а жоьпаш ца даладелира шайга суьдо динчу хаттаршна. Масала "Новая газете" адвокато Заикин Петр дийцарехь, тешашна ца хаьара полисхойн машен хьанна тIе язйина ю а, цуьнан тиллина цIе муха ю. Тешаша хIораза а олуш хилла "дага ца догIу". Кхин а гучудаьлларг ду цу тешашна Титиев дуьххьара гуш хилар. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Bloоmberg: Донбассехь референдум ян езара аьлла Путина Трампе

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира ХIелсинкехь кху беттан 16-чохь Iамеркан президенте Трамп Дональде аьлла хилла Донецкан а, Луганскан а халкъан олучу республикашкахь референдум ян езара аьлла. Цунах лаьцна Путина дийцина оьрсийн дипломаташка, арахьарчу гIуллакхийн министраллехь кхеташо дIахьош еарин дийнахь (19-гIа де). Цунах лаьцна хаам бо Bloоmberg агенталло, цигахь дакъалаьцначу шина хьастана тIе а тевжаш. Цара дийцарехь, Трампа дехар дина Путине цхьаьнакхетаран жамIаш деш хин йолчу зорбанан конференехь цунах лаьцна ма хьахадахьара... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шен хIусамехь граната латторна чувоьллина Нохчийчура вахархо

Хьалха-МартантIера вахархо бехке вина, бакъо а йоцуш, баккъалла а йолу граната шен хIусамехь латторна. Талламхоша дийцарехь, цу стагехь иза хилар гучудаьлла хилла масийтта бутт хьалха, талламан операци дIахьош. И зулам даран цхьацца хьелаш тидаме а эцна, еарин дийнахь кхело хан тоьхна цунна 1,5 шо колонехь даккха. Цул сов, бехкевинчунна гIуда тоьхна 20 000 сом барамехь, хаам бо "Кавказский узело", Нохчийчуьрчу прокуратурана тIе а тевжаш.

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра бахархой лецна Истанбулехь антитерроран операцехь

Истанбулехь террорана дуьхьал операци дIахьош лаьцна 5 стаг. Цу хаамца, цу нахана бехке дуьллуш ду "Исламан пачхьалкх" олучу тобанан декъашхошка уьйраш латтор. Царна юкъахь ю Феделаралан миграцин сервисан Нохчийчуьрчу урхаллан хиллачу куьйгалхочуьнан йоI Дудуркаева Седа а, "Исламан пачхьалкх" тобанан тIеман хьаалханчех хиллачу Батирашвили Тарханан ши кIант а,хаам бо ТАСС агенталло, туркойн Daily Sabah газетана тIе а тевжаш..   Daily Sabah-о дийцарехь, уьш лецна хилла кху беттан 4-чу дийнахь, амма... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *