Нохчийчуьра бахархой лецна Истанбулехь антитерроран операцехь
Истанбулехь террорана дуьхьал операци дIахьош лаьцна 5 стаг. Цу хаамца, цу нахана бехке дуьллуш ду "Исламан пачхьалкх" олучу тобанан декъашхошка уьйраш латтор. Царна юкъахь ю Феделаралан миграцин сервисан Нохчийчуьрчу урхаллан хиллачу куьйгалхочуьнан йоI Дудуркаева Седа а, "Исламан пачхьалкх" тобанан тIеман хьаалханчех хиллачу Батирашвили Тарханан ши кIант а,хаам бо ТАСС агенталло, туркойн Daily Sabah газетана тIе а тевжаш..
Daily Sabah-о дийцарехь, уьш лецна хилла кху беттан 4-чу дийнахь, амма цунах лаьцна Iедалан векалша официалан хаам бина еарин дийнахь. Карарчу хенахь царах хилларг хIун ду хьахош дац.
2013-чу шарахь Лахьан-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана даржах вохийра Дудуркаев, цуьнан йоI Шемахь тIемалойх дIакхетар бахьана долуш. Оьрсийчуьрчу зорбанан гIирсаша яздарехь, Дудуркаева Седа цIаерзо гIиртира цуьнан гергарнаш, амма цуьнах гIуллакх ца хилира.