Пенсе воьду хан тIетохарна дуьхьалбевлла Оьрсийчоьнан бахархой
Иштта Сахаровн цIарахчу майданахь а дIакхайкхийна ю, КПРФ партино вовшахтуху, пенсин реформина дуьхьал митинг.
Навальный Алексейн агIончаша кIирандийнахь Москох хIоттош ю цхьа акци.
Пенси воьду хан тIетоха гIерташ бу Оьрсийчоьнан Iедалхой: зударшна – 65, божаршна – 63 шо. Пачхьалкхан Думан хьалхарчу ладегIаршкахь тIеэцна пенсин реформан низаман проект.
Дийцарехь, тIедогIучу шеран Дечкен-баттахь дуьйнна болхбан долалур ду и низам.

