Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Июль
2018

Новости за 28.07.2018

Radiomarsho.com 

Пенсе воьду хан тIетохарна дуьхьалбевлла Оьрсийчоьнан бахархой

Пенси воьду хан тIетохарна резабоцучийн митингаш ю Оьрсийчохь дIахьош. Пачхьалкхан Малхбалерчу декъашкахь хIинцале а хIиттийна, эзарнашкахь арабевллачу наха акцеш. Дуккхайолчу меттигашкахь КПРФ партин дакъоша вовшахтоьхнера митингаш, цаьрца цхьана дакъалецира оппозиционеран Навальный Алексейн агIончаша а, "Йиллина Оьрсийчоь", "Аьрру форонт" ("Левый фронт"), "Яблоко" боламийн векалша а. Протестхоша президенте а, цуьнан Iедале а дарж охьадиллийтар тIедожийнера, дуьйцу Маршо Радион оьрсийн сервисо.... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Эрмалойчоьнан хилла президент дIалаьцна шина баттана

Эрмалойчоьнан хилла президент Кочарян Роберт шина баттана дIалаьцна кхело. Конституцин дIахIоттам бохо гIортарна бехкевеш ву иза. Бехк тIечIагIбахь, набахтехь даккха 15 шо кхачадо цунна. Еаридийнахь дIалаьцна Кочарян. Политикан бух тIехь ду аьлла цо, шена дохку бехкаш. Эрмалойчохь хиллачух шолгIа прпезидент ву иза. 1998-чу шарера 2008-чу шаре кхаччалц куьйгаллехь вара Кочарян. 2008-чу шарахь президентан харжамашна дуьхьал йолийна акцеш ницкъаца дIайохорна гIуллакх долийна цунна дуьхьал. ХIетахь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Полисхо эца гIортарна хан тоьхна Нохчийчуьрчу вахархочунна

Нохчийчуьрчу вахархочунна И. Мохьмадна дуьхьал долийна зуламан гIуллакх листина Соьлжа-гIалин кIоштан кхело. Цунна бехкедиллинера, даржхочунна кхаъ бала гIортар. Талламчаша бахарехь, полисхочунна цуьнан дегIах хьаьжча марихуана карийнера, ша къайлавохуьйтург 13 600 эзар сом ахча кховдийнера цо ша лаьцначунна. Оцу меттигехь дIалаьцнера зуламхо. Арахь даккха кхо шо  тоьхна бехкевечунна.

Radiomarsho.com 

Чатаевца уьйрашкахь хилла аьлла, ялх вахархочунна кхел йина Тбилисехь

Чатаев Ахьмадан тобанца уьйрашкахь хилла аьлла, 10 шарера 13 шаре кхаччалц набахтехь такха хенаш кхайкхийна Тбилисин кхело 6 стагна. Зорбанашкахь ма-яздарра, Чатаев хьалханча волчу тобанна гIоьналла латтийна аьлла, таIзаре валийнера верриг а бархI вахархо. Царех ворхI ГIуьржийчоьнан бахархой хиллера: Горнакашвили Зураб, Алдамов Руслан, Маргошвили Рамаз, Чопанашвили Бадур, Идоидзе Зураб, Бердзенишвили Анатолий, Дудаев СаIид а. БорхIалгIачун цIе йовзуьйтуш яцара. Стохка Лахьан-баттахь Тбилисехь дIаяьхьначу... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Псковра десантхошна тIелатар дина аьлла, хенаш кхайкхийна юха а

2000-чу шарахь Шуьйта кIоштарчу Улус-Кертахь Псковерчу десантхошна тIелатар динчех ву аьлла, кхеле хIиттийначу 46 шо долчу Ушаев Артурна а, 48 шаре ваьллачу Наматов Русланна а 19, 18 шераш кхайкхийна кхело. Талораллаш лелийна зуламхо жоьпе озо магийна хан тIехтилла бохушшехь, Къилбаседа Кавказан тIеман кхело бехк тIехь битина Ушаевна а, Наматовна а, яздо "Коммерсанто". Шина сахьтехь гергга бовзийтира кхелахоша шайн сацам. Льцначух цхьанна тIехь майка яра Кадыров Ахьмадан сурт тIехь а долуш, "Веза... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

СИЗО-хь латточу Янгулбаевна тIе лоьраш ца буьту

Экстремизм яржош ву аьлла, бехкевинчу Янгулбаев ИбрехIима арздина, чолхе операци йинчул тIаьхьа лоьрийн гIо ца кхачийна шена аьлла. Цуьнан адвокате кхаьчначу информацица, ледарчу хьолехь ву Янгулбаев, хаамбина "Новая газетано". "Оьрсийн эскархой" цIе йолчу социалан тобанехьа цабезам, мостагIалла марсадаккхарна (зуламан кодексан 282-чу артиклца) бехкевина 24 шо долу Янгулбаев ИбрехIим. Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь оьрсийн эскарша байинчу маьршачу бахархойн суьрташ "ВКонтактерчу" шен пена тIе охкарна бехкевира студент. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу тIамна дуьхьал лаьттина яздархо велла

85 шаре ваьлла яздархо Войнович Владимир велла аьлла, фейсбукерчу шен агIон тIехь яздина журналисто Давыдов Виктора. Цо чIагIдарехь, даге лазар иккхина кхелхина иза. 1932-чу шарахь Душанбехь вина вара Войнович Владимир. Нохчийчуьрчу тIамна ша дуьхьал хилар хоуьйтуш кехатна куьгяздинера цо 2003-чу шарахь, ткъа 2015-чу шарахь Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире кхайкхамбира, Украинан эскархо Савченко Надежда дIахецар доьхуш. Кху шеран Стигалкъекъа-баттахь кхечу културин гIуллакххошца цхьана... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Куьг тIе "Нохчийчоь"яздина стаг лоьху Уфахь

Уфахь ши кIира хьалха вайна 34 шо долу Мухаметьянов Динар. Ша-тайпа билгало хилла цуьнан аьтту куьйгатIехь: чкъураца яздина "Нохчийчоь" а, диллина хи-аьзнин сурт а хилла. ToDay News Ufa хьостано яздарехь, тIаьххьара Мухаметьянов гина кху беттан 13-чу дийнахь. Полици а, волонтераш а бу арабевла и жимстаг лоьхуш.




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *