Эрмалойчоьнан хилла президент дIалаьцна шина баттана
Эрмалойчохь хиллачух шолгIа прпезидент ву иза. 1998-чу шарера 2008-чу шаре кхаччалц куьйгаллехь вара Кочарян. 2008-чу шарахь президентан харжамашна дуьхьал йолийна акцеш ницкъаца дIайохорна гIуллакх долийна цунна дуьхьал.
ХIетахь харжамашкахь эшначу Тер-Петросян Левонан агIончаша митингашка а бевлла, кхаьжнаш юахадагардар тIедожийнера. Полисхошца хиллачу тасадаларшкахь хIетахь 10 стаг велира. Кочаряна чолхечу хьолан раж кхайкхира пачхьалкхехь, протесташ севцира.
Карарчу хенахь премьер-министран дарже веана Пашинян Никола вара хIетахь митингаш кхайкхийначех цхьаъ. 2010-чу шарахь махкахь къепе йохорна аьлла, набахте хьажийра иза ворхI шарна. Шо даьлча маьршаваьккхира амнисти юкъавахарца.

