Качйина газ тIеэца Европехь порташ яхкар дийцаре деш ду Евробарто а, Iамерко а
Евробартаца къийсам дIахьош ю Iамерка Оьрсийчуьра Германе "Северный поток-2" олу газан биргIа тасарна дуьхьал. Цул сов, Вашингтоно кхерам тесна санкцеш кхайкхо газана а, мехкадаьттана а, тоькана а экспорт ян Оьрсийчоьнан проекташна инвестицеш хьажочу компанешна.
"Северный поток-2" газан биргIа яр дIадерзор долуш ду 2019-гIа шо чекхдалале. Иза таса бакъо елла Швецин а, Финляндин а, Германин а Iедалша. Цу проектана дуьхьал ю Балтера пачхьалкхаш а, Полша а, Украина а, Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ а.

