Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Июль
2018

Новости за 31.07.2018

Radiomarsho.com 

Джемал Орхан а, цуьнца хилла Оьрсийчуьра ши журналист а вийна Юккъерчу Африкан Республикехь

Журналист Джемал Орхан а, оператор Радченко Кирилл а, режиссер Расторгуев Александр а вийна Юккъерчу Африкан Республикехь, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. Уьш хилла "Вагнеран ЧВК" олучу долахь йолчу тIеман компанех лаьцна документалан филм йоккхуш. Болчу хаамца, журналисташ кхалхар тIечIагIдина цу пачхьалкхарчу Оьрсийчоьнан векалаллан а, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан миссин а, ткъа иштта меттигерчу Iедалан а векалша. Журналисташ совцийна хилла цхьанна а юй хууш йоцучу блокпостехь. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Колонехь ницкъ бинчу тутмакхе къинтIера валар дехна ФСИН хьаькамо

Оьрсийчоьнан таIзарш кхочушдаран федералан сервисан (ФСИН) куьйгалхочуьнан когаметто Максименко Валерийс къинтIера ваьккхина Ярославлан кIоштарчу колонехь белхахоша къиза хьийзийна волу тутмакх Макаров Евгений. Цунах лаьцна хаам бина "Говорит Москва" радион эфирехь.  Хилларг бахьана долуш Максименкос иштта къинтера довлар дехна Макаровн гергарчаьрга а, ша юьхьIаьржа ву шайн белхахоша лелийнарг бахьана долуш аьлла. Стохка Мангалан-баттахь Ярославлан кIоштарчу №1 колонехь кIиза йиттинера цигахь хан токхучу Макаров Евгенийна. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Колонехь ницкъ бинчу тутмакхе къинтIера валар дехна ФСИН-ре хьаькамо

Оьрсийчоьнан таIзарш кхочушдаран федералан сервисан (ФСИН) куьйгалхочуьнан когаметто Максименко Валерийс къинтIера ваьккхина Ярославлан кIоштарчу колонехь белхахоша къиза хьийзийна волу тутмакх Макаров Евгений. Цунах лаьцна хаам бина "Говорит Москва" радион эфирехь.  Хилларг бахьана долуш Максименкос иштта къинтера довлар дехна Макаровн гергарчаьрга а, ша юьхьIаьржа ву шайн белхахоша лелийнарг бахьана долуш аьлла. Стохка Мангалан-баттахь Ярославлан кIоштарчу №1 колонехь кIиза йиттинера цигахь хан токхучу Макаров Евгенийна. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Псковерчу десантхоша Нохчийчохь "хуьнар гайтина 20 шо кхачар" даздарх лаьцна омра дина Путина

Улус-Кертахь нохчийн тIемалоша байина десантхой базбеш шуьйра мероприятеш вовшахтохарх лаьцна омра дина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. 2000-чу шарахь Оьрсийчоьнан тIеман картанашна тIехь 776 аьлла билгалъяьккхинчу лакхенехь Басаев Шемилан а, Хаттабан а тIеман тобанашна дуьхьалбевллера Псковерчу десантхойн 6-чу ротера эскархой. Хиллачу тIамехь царах 86 стаг вийра нохчийн тIемалоша. Дийна висинера 6 эскархо. Иза вуно доккха хуьнар гайтар лоруш ду Оьрсийчохь. Стохка Улус-Кертана гергахь хIоллам хIоттийра... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Стенга, маца бевддера президенташ

Махкахь Iедал керчинчул тIаьхьа, кхелах бовдий, шайн го тIаьхьа а хIоттабой, доза хадо сихло политикаш. Советан заманахь хиллачу пачхьалкхийн куьйгалхой бу уггар дукха иддарш. Даьржина хIума ду - бевдда политикаш бохург. ЦIехо-можа, сирла-цIен, алцIензIам революцешкахь эшнарш а, церан го а доза дIатаса хьовдура, шайна тIехь ен йолчу кхелах къаьхкий. Iедал карара даьлча, дозанал а арабийлинчу урхалхошлахь - рекордсменашлахь Советан заманахь хилла пачхьалкхаш ю.

Radiomarsho.com 

Историн артефакташ карийна некъ буьллучу белхахошна Нохчийчохь

Йоьзан олучу заманахь йина а, лелийна а историн артефакташ карийна Нохчийчохь БIачин-Юьртана гергахь некъ буьллучу белхахошна. Уьш дIаелла меттигерчу говзанчашка. Цунах лаьцна хаам бина археолого Исаев Султана, шена социалан машанерчу агIона тIехь. Цо дийцрехь, шира хIуманаш ю вайн зама тIекхачале хиллачу 13-4-чу бIешерашкахь йина. Царна юкъахь ю божарийн а, зударийн а кечлуш ухкуш хилла хIуманаш а, чIу а, цхьацца дахаран артифакташ а.

Radiomarsho.com 

Дагестанехь ларамаза шен нана йина 3 шо долчу кIанта

Бохам хилла кху беттан 29-чу сарахь Дагестанерчу Каспийскехь. Кхо шо долчу кIанта "Сайга" топ тоьхна шен нанна. И бахьана долуш и зуда елла, хаам бо ТАСС агенталло. Хилларг толлуш ю полици. Къастош ду муха кхаьчна чохь патарма болу топп жимачу беран кара.

Radiomarsho.com 

Качйина газ тIеэца Европехь порташ яхкар дийцаре деш ду Евробарто а, Iамерко а

Iамеркера качйина газ тIеоьцу порташ яхкар хьокъехь хаттар дийцаре деш ду Евроберто а, Цхьаьнатоьхначу Штаташа а. Цунах лаьцна Вашингтонехь Италин премьер-министрца цхьаьна хиллачу зорбанан конференцехь хаам бина президенто Трамп Доналда. Цо дийцарехь, дуьйцург ду 9-11 порт яр. Цунна оьшу ахча дала реза ю Евробартана юкъайогIу пачхьалкхаш.  Евробартаца къийсам дIахьош ю Iамерка Оьрсийчуьра Германе "Северный поток-2" олу газан биргIа тасарна дуьхьал. Цул сов, Вашингтоно кхерам тесна санкцеш кхайкхо газана а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Гуьржийчохь тоьлла лерина нохчийн даарш

Гуьржийчохь хилла цу махкахь дехачу къаьмнийн даарийн телевизионан къовсам. Кхузткъа декъашхочуьнца къовсалуш толам баьккхина ПIаьнгазарчу шина яхархочо Кавтарашвили Нанас а, Мачаликашвили Медикос а. Кхача кечбарехь лаккхара говзалла йолчу жюрин декъашхоша вуно лакхара мах хадийна нохчийн даарийн. Царна юкъахь дара жижиг-галнаш а, тIо-берам а, хьовла а, кхин долу а, нохчийн ламасте даарш.   Толам баьккхинчарна совгIатана делла 100 эзар лари.

Radiomarsho.com 

Полисхочунна тIелетта нохчийн кхиазхо лаьцна Москох суьдан сацамца

Москох Тверан кIоштан суьдо лаьцна Словакин векалаллана уллехь полисхочунна тIелатар дина 17 шо долу Нохчийчуьра кхиазхо. И инцидент хилла дIадаханчу пIераскан дийнахь. Полицин белхахо охьавиллина ву дарбанан хIусаме. Нохчийн кхиазхочунна бехк биллина низамаш лардечу органийн белхахочунна тIелатар дарна. Оьрсийчоьнан талламан комитето шен сайта тIехь бинчу хаамца, кхиазхочо дийцина "цIеххьана цабезам кхоллабаларна" дира ша тIелатар аьлла.




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *