Президент Мадуро цхьаъ вен гIоьртина, боху Внесуэлан Iедалша
Интернетехь гучуяьлла Мадурос къамел деш яьккхина видео. Цу тIехь цхьаъ эккхаш санна тата хезаш ду. Цул тIаьхьа стигал хьежа волало президент, ткъа цуьнан гIароло дIакъовла иза лерринчу гIагIа диллинчу турсашца.
Хаамехь билгалдаьккхина ду, 7 стаг лазийна хилар.
Венесулан Iедалша дийцарехь, Мадуро вен гIоьртина тартил дохьуш даийтинчу дронашца. Видео тIехь гайтина яц уьш.
Reuters агенталло хаам барехь, президент вен гIортар шена тIелаьцна евзаш йоцучу цхьана тобано. Associated Press агенталло, цIеяйархошна тIе а тевжаш, хаам бина, Мадурос къамел деш цхьа а дронаш хилла яц, ткъа иккхинарг ю чохь газ йолу балон аьлла.