Туристаш го баьккхина кхачалур бу "Ведуче"
Хьалхо хаам бинера, тIе боьду некъ такхар бахьана долуш, "Ведучи" курорт цхьана ханна дIакъевлина аьлла. Цигара белхаш дIаберззалц аьлла, "Ведучехь" садаIа дагахь болчу нахана схьабиллина го баьккхина цига боьду некъ. Цунах лаьцна хаам бина ТАСС агенталло, "Курорты Северного Кавказа" компанин зорбанан сервисна тIе а тевжаш.