Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Август
2018

Новости за 17.08.2018

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьрчу къаьмнийн меттанаш лардарна тIехIиттина Туркойчуьрчу юкъараллийн жигархой

Туркойчохь къаьмнийн иттаннаш вовшахтохараллаша, шайна юкъахь културан центрш а йолуш, хаийтина шаьш дуьхьал хилар Оьрсийчохь тIеэцначу къаьмнийн меттанаш шайн лаамехь Iаморах лаьцначу низамана. Цу кехата тIе куьг таIийна 120 вовшахторалло, хаам бо Кавказ.Реалиино. Цу кхайкхаман авторш бу чергазойн а, балкхаройн а, кхарачойн а, нохчийн а, хIирийн а, ногIийн а, гIирман гIезалойн а юкъараллан жигархой. Цара кхайкхам бина Оьрсийчуьрчу къаьмнийн меттанаш лардан тарлоуш йолу ерриг а низамийн механизмех пайда эцахьара аьлла. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Аланийн кешнаш карийна Теркйистехь

Нохчийчохь Теркйистан кIоштахь кхаа гектарна тIехь ахкарш дIахьош бу археологаш. Цигахь, латта тIехь белхаш беш, карийна "аланийн заманахь" даьхначу адамийн кешнаш.

Radiomarsho.com 

Ши жима стаг вайна Нохчийчохь

Соьлж-ГIалахь лар йоцуш вайна ши шича 29 шо долу Масаров Расул а, 26 шо долу Масаров Iадлан а, хаам бо Кавказ.Реалиино.     Дийцарехь, кху Марсхьокху-беттан 12-чу буса и шиъ араваьлла хилла, хьошалгIа ваха дагахь. Амма воьдучу меттехь гучуваьлла вац и шиъ.  Кхечу хаамца, шичой гина Гайрбековн урамехь "Японский дворик" олучу ресторанна хьалха машена хууш. Синтем байначу гергарчара ши жима стаг схьалохуш гIо дехна полице.

Radiomarsho.com 

Туристаш го баьккхина кхачалур бу "Ведуче"   

"Ведучи" курорте боьду некъ догIанаша бохор бахьана долуш цига баха луучарна керла некъ кховдийна цу туристийн комплексан белхахоша. Цига кхачалур бу туристаш, го баьккхина боьдучу некъах пайда а оьцуш. Хьалхо хаам бинера, тIе боьду некъ такхар бахьана долуш, "Ведучи" курорт цхьана ханна дIакъевлина аьлла. Цигара белхаш дIаберззалц аьлла, "Ведучехь" садаIа дагахь болчу нахана схьабиллина го баьккхина цига боьду некъ. Цунах лаьцна хаам бина ТАСС агенталло, "Курорты Северного Кавказа" компанин зорбанан сервисна тIе а тевжаш.

Radiomarsho.com 

Кадыровна орден елла Лукашенкос

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна Халкъийн доттагIаллан орден елла Беларусин президенто Лукашенко Александара. "Оьрсийчоьнан Федерацин Нохчийн Республикан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна Халкъийн доттагIаллан орден елла Беларусьна а, Нохчийн Республикана а юкъахь доттагIаллин юкъаметтигаш чIагIеш а, цхьаьна къахьегар  шордеш а доккха дакъалацарна", - яздина ду цу хьокъехь арахецначу документана тIехь. Кхечу пачхьалкхийн махкахошна луш долу уггаре деза совгIат ду Беларусехь Халкъийн доттагIаллан орден.

Radiomarsho.com 

Умаров: Омарова Калимат карийна яц

Нохчийчоьнан къоман политикехула а, арахьарчу уьйрашкахула а, зорбанан а, информацин а министро Умаров Джамбулата дIахьедар дина, Дагестанехь яйна 8 шо долу Омарова Калимат хIинца а карийна яц аьлла. Цунах лаьцна хаам бина "Грозный ТВ"(grozny.tv) сайто. ДIаяханчу буса хаамаш баьржинера Омарова, Ставрополехь кара а йина, Соьлж-ГIала схьаялийна ю аьлла. Умаровс ша кхеташ вац, боху и эладитанаш хIунда даржош ду. Цунна хетарехь, цхьаъ ву цу бохаман тIехь пиар ян гIерташ. Нохчийчуьрчу министро кхайкхам бина бахархошка... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *