Умаров: Омарова Калимат карийна яц
ДIаяханчу буса хаамаш баьржинера Омарова, Ставрополехь кара а йина, Соьлж-ГIала схьаялийна ю аьлла. Умаровс ша кхеташ вац, боху и эладитанаш хIунда даржош ду. Цунна хетарехь, цхьаъ ву цу бохаман тIехь пиар ян гIерташ.
Нохчийчуьрчу министро кхайкхам бина бахархошка, питана тергал ца деш дита аьлла.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Омарова Калимат лохуш накъосталла дар тIедиллина Умаров Джамбулатана. Цуьнах лаьцна ша министро хаам бира меттигерчу телевизионехула.
8 шо долу Омарова Калимат яйна Дагестанерчу Каспийскехь дIабаханчу Товбецан-беттан (Июль) 29-чохь. Цу дийнахь туькана яхана йоI кхин цIа ца еана.