Оьрсийчуьрчу къаьмнийн меттанаш лардарна тIехIиттина Туркойчуьрчу юкъараллийн жигархой
Цу кхайкхаман авторш бу чергазойн а, балкхаройн а, кхарачойн а, нохчийн а, хIирийн а, ногIийн а, гIирман гIезалойн а юкъараллан жигархой. Цара кхайкхам бина Оьрсийчуьрчу къаьмнийн меттанаш лардан тарлоуш йолу ерриг а низамийн механизмех пайда эцахьара аьлла. Шаьш дуьненаюкъарчу инстанцешка довла кийча а ду боху Туркойчуьрчу къаьмнийн векалша.