ГIалмакхойчуьра таллам шен Iуналле эцна Кадыровс
"Цу стагана догIуш долу таIзар дийр хиларна шеко йолуш цхьа а вац, цунна тIехьожуш Кадыров Рамзан хиларна", - боху Умаровс.
Нохчийн къомах йолчу зудчунна къиза еттаро эргIадбахийтина бу дуккха а нах. Нохчийчуьра Iедалш совцо гIерташ ду ГIалмакхойчу бекхам бан арабевлла бIеннаш кегийрхой.
«Чечня Сегодня» агенталло бинчу хаамца, ГIалмакхойчохь талламхой ладоьгуш бу лоьрийн экспертиза схьакхачаре, зудчунна тIе куьг даьхьначу стагана дуьхьал бехктакхаман гIуллакх схьаделла.