Новая газета: Дехка деза Кадыров Москох витар
Шен вистхиларехь Кадыровс элира, бакъонашларъярхой "ямарта нах а, питанчаш а" бу, Нохчийчуь бахкар доьхкур ду ша царна, "Мемориалан" меттигерчу декъан куьйгалхочуьнан Титиев Оюбан кхел дIайирзинчул тIаьхьа аьлла.
Газето билгалдоккху, цу тайпачу дехкаро чIагIйийр хилар Москох бехачу нехан кхерамазалла, соцур хилар ,"массо а агIор дIаса герзаш а детташ, юкъаметтигаш къастор, коьртачу декъана дакъалоцуш Нохчийн Республикерчу ницкъаллин структурийн белхахой а болуш хуьлуш долу".
"Ткъа маьрша нохчийн халкъах тхо даиман а даккхий деш ду", - аьлла ду "Новая газето" арахецначу схьадиллинчу кехата тIехь.

