Салахьан нанна кхерамаш туьйсу Мисаран футболан федерацехь
"Хьо кхечу пачхьалкхехь вехаш ву, хьайна луъург дан аьтто а болуш, ткъа хьан нана кхузахь яха юьсуш ю. Хуучарна хаьа хьуна ас хIун боху", - яздинера Твиттерехь Латифа.
Фейсбукерчу шен агIон тIехь ши видео зорбане яьккхинера Салахьа, Мисаран футболан федерацина бехк буьллуш. Салахьна хетарехь, ледара кечамбина хилла цара чемпионатна.
Нохчийчохь шайга куп тохийта бина сацам а критике баьккхинера Салахьа. Иштта цо бахарехь, база йиллина латтош, чуоьхучу наха новкъарлонаш лелош, садаIа а ца буьтура уьш.