Нобелан комитете кехат яздина Кадыровс
Нохчийчоьнан куьйгалхо реза вац Нобелан совгIат дала хьалхатеттиначеран тептарехь Мьянман пачхьалкхан хьехамча Су Чжи Аун Сан хиларна. "Адамийн бакъоаншкахьа а, демократигахьа а нуьцкъала а боцуш къийсам латторна" аьлла, билгалдоккхуш преми дала магийна цунна.
"Геноцидна дуьхьало муххале а ца йинера цо, Iедалан урхаллехь а йолуш, мелхо а рохинджашкахьа цабезам гIаттош, пропаганда лелийна", - аьлла, яздо Кадыровс.
Нобелан комитете хоьтту Кадыровс: бусулба рохинджаш хIаллакбеш хилар ООН-о тIечIагIдина ца Iаш, геноцид ду аьлла, дIакхайкхийначул тIаьхьа, хIун ду шун ала?