Нохчийчоьнан туризман центр йиллина Лейпцигехь
Цо бахарехь, оцу центрехь Нохчийчоьнах, Соьлжа-ГIалех, историн сийлаллин меттигех, културан барамех лаьцна муьлхха а информаци хаа таро ю.
"Тхан лаам бу, республикера туризм массарна а евзаш хилийта, мохк цхьа бренд а хилла, дIахIотта. ТIейогIучу хенахь Парижехь а, Эмираташкахь а схьаелла дагахь ду тхо ишта центраш", - аьлла министро.
Стигалкъекъа-баттахь Петарбухахь а йиллира Visit Chechnya центр.