Оьрсийчоьно туркойн Iедалшкара схьайоьхур ю даIишхошца хилла нохчийн зуда
Иштта урхалло тIечIагIдо, Дудуркаева Седа даIишхойн тобанехь латттина хилар а. "Интерполехула дуьненаюкъарчу лехамашка елла Дудуркаева, иза лаца а, цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх доло а Iалашонца", - аьлла Инарла прокуратурерчу хаамийн гIирсашца зIенаш латточу хьукматан куьйгалхочо Куренной Александра.
Карладоккху, карарчу беттан юьххьехь Истанбулерчу оьрсийн консулалло туркойн Iедалшка дехар дира, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанехь дакъалаьцна ю аьлла, лаьцначу шайн яхархочух хаамаш кхачабе шайга аьлла.
2013-чу шеран гурахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана балхара дIаваьккхира мигрантийн хьукматан (УФМС) хьаькам Дудуркаев Асу, цуьнан йоI Дудуркаева Седа Шема дIаяхначул тIаьхьа.