Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Боснин, Герцеговинан Iедалша Оьрсийчоьне дIалуш ву нохчо

ГIалгIайчохь ваьхна 24 шо долу нохчо Алтамиров Ахьмад Оьрсийчоьне дIавала сацамбина Боснин, Герцеговинан юстицин министралло. Иза бехкево Шемарчу даIишхойн могIаршкахь латтарна аьлла, дийцина "Кавказ.Реалии" портале Европан кхелехь Алтамировн интересаш Iалашъечу адвокато Оболенец Алексейс.


Цо бахарехь, 2013-чу шарахь Оьрсийчуьра араваьлла Алтамиров Истанбулехь дIатарвелира. Цигахь цхьаннан доларчу компанехь белхаш беш хилла ву иза. Стохка бIаьста Сараево веанчахь дIалаьцнера Алтамиров Интерполехула лоьхуш ву аьлла.


"Цхьана а кепара тоьшаллаш дац иза Шемахь хиларан. Амма Боснин Iедалша къестош ца Iаш, цунна экстрадици еш сацамбира", - дийцина адвокато портале.


Кху аьхка ша лаьцначу Боснин, Герцеговинан Iедалшка тховкIело йихира Алтамировс, амма цунна дуьхьало йира. Страсбургерчу Европан кхеле орца дийхира лаьцначун адвокаташа, амма цара дуьхьало йира 39-чу низамна тIе а тевжина, Оьрсийчоьне дIа ца валийтар тIедожон.


Адвокатийн 7 де ду кхелан сацамна латкъамбан.


Швецерчу Vayfond организацино хаамбарехь, цара шайгара талламаш бина Алтамиров Оьрсийчуьра дIавахарх.


"Тхо тешна ду, Ахьмад цкъа а Шемахь хилла ца хиларх. Оцу юкъанна Туркойчохь ваьхна иза, белхаш а беш. Цунна дохку бехкаш бух боцуш доллушехь, Боснин кхело Оьрсийчоь – бакъонан пачхьалкх ю, иза дIа ца вала дуьхьалонаш хуьлийла дац аьлла", - эргIадоьху Vayfond-ан векал.


Боснин, Герцеговинан кхелан Апелляцин коллегин текстехь яздина ду, Оьрсийчоьнан набахтешкахь тутмакхашна тIехь къизаллаш лелош хиларан масалш тоаме дац Алтамиров дIа ца вала. Цара бахарехь, Оьрсийчоьнан Iедалша, шаьш цунна тIехь къизаллаш лелор яц аьлла.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *