Ирхъоллавелла карийна ши шо хьалха Нохчийчохь вайнарг
Ши шо хьалха вайна лерина Шелковск кIоштара Мургустов Муса ирхъоллавелла карийна шен цIа чохь, дуьйцу "Кавказ.Реалии" портало. ГIалгIайчуьра схьаваьлла Мургустов еххачу заманчохь Червленнерчу вино доккхучу заводан автобус тIехь болх бина ву. Цигара воьхча, карабеъана болх беш лийлира иза, шен доьзалца Червленнехь ваха а вехаш.
Масийтта шераш хьалха, шен машен юхайохуьйтучу хенахь ларамза шен йоIана тIетоьхнера цо. Цуьнан лулахоша "Кавказ.Реалиига" дийцарехь, оцу меттиегхь еллера йоI. И сингаттам Iоттабеллачул тIаьхьа Мургустовн хIусамненан могушаллица проблемаш юьйлаелира, дарба а ца хуьлура. Эххар а цунах дIакъаьстинчу цо ша хьалакхиира шен доьзал.
Бераш даккхий хиллачул тIаьхьа, дIасадевлира. Воккхахволу кIант ГIалгIайчохь вехаш ву, зудабераш нехан цIартIехь ду цуьнан.
Ши шо хьалха Мургустовн вашас а, кIанта а полицига хаамбира, шайн стаг варах. Бехкзуламан гIуллакх а диллира, амма иза лаха ара цхьа а ца велира: я полици а, я доьзал а, я лулахой а.
Шинне а шарахь веллачун банкан карти тIе пенси догIуш хилла.
Меттигерчу полицин декъехь дуьхьал хилира хиллачух комментари яла.