Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Сентябрь
2018

Новости за 13.09.2018

Radiomarsho.com 

Полисхочунна тIелатар дина жимстаг кхеле хIоттийна

Старопромыслан кIоштан кхело Нохчийчуьра вахархо Илес М. бехкевина Iедалан гIуллакхехь волчунна тIелатарна. Талламчийн версица, полисхойн декъе ша валочу заманчохь дуьхьало йина хилла цо ницкъахочунна. Илеса цунна юьхь тIе тоьхначул тIаьхьа, охьавоьжначу полисхочо лаьттах корта тоьхнера шен. Низамаша пхеа шаре кхаччалц набахтехь яккха хан кхачайо цунна.

Radiomarsho.com 

Нохчийн синбахамалла – Ниццерчу гайтамехь

КIирандийнахь Францерчу къаьмнийн ассоциацийн синбахамаллин гайтамехь дакъалецира нохчаша. Ниццехь, шайнна кечдинчу четарахь вайн къоман векалша вовшахтоьхна суьртийн, духаран, кхачан гайтам баккхийбеш тIеийцира дакъалацархоша. Магомадов Рамзана куьйгалла ден ассоциаци яра вайнехан гайтамах жоп луш.

Radiomarsho.com 

Кхаа рожера дIа ца яхало Нохчийчуьра школаш

Оьрсийчоьнан премьер-министрца Медведев Дмитрийца Москох хиллачу цхьанакхетарехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцаредина махкарчу школашкахь бераша кхаа рожехь доьшуш хиларх. Школаш тIехюьзна хиларца "Кавказан республикашкарчу доьшийлашкахь хьал ира лаьтташ хилар" билгалдоккхуш,  Медведевс дош делла, регионна оьшу гIо дан. "Хьоьгара накъосталла хилахь, тхо ларор ду", - аьлла Кадыров Рамзана. Цо бахарехь, таханалерачу дийнахь махкарчу 70 школехь бераш кхаа рожехь доьшуш ду. ТIаьххьарчу... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчашна орца кхачор – шайн, нохчийн, гIайгIа бу

Вовшашна гIодархьама цхьаьнабеттало Европера вайнах ГIалгIайчуьра схьаваьллачу 24 шо долчу Алтемиров Ахьмадна Оьрсийчу депорт ян сацамбина Боснин а, ХIерцеговинин а юстицин министралло бахначу беттан юьххьехь. ДецIахь цунна бехкедо Шема тIаме вахар. Оцу хаамо карзахъяьккхина Европера нохчийн диаспора. Сараево жима стаг кхаьчна ша вехачу Истамулера. Туркойчоьнан миграцин низамо тIевеана стаг декхарево шарахь цкъа, цхьана денна ваьлла а, махкара аравала, юха чувеъча ло шарахь ваха бакъо. Пхи шо... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Титиевн довхаттар дIахьош ду Шелахь

Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" офисан куьйгалхочун Титиев Аюбан хьокъехь Шеларчу кхелехь рогIера суьдхойн кхеташо ю дIахьош еаридийнахь. 207 грамм марихуана яьккхина цуьнгара аьлла, бехкала воьллина бакъонашларъярхо. Цуьнан гIуллакхан хьокъехь хIинцале барт хаьттина иза бехкевечу 53 теше. Царех дукхахберш Куьршаларчу полисхойн декъан белхахой бу. Еаридийнахь ши теш ву леван кхайкхина. Кхин а шинна тIедиллинера кхеле вар, амма цкъачунна кхачаза ву и шиъ.

Radiomarsho.com 

Белхазалла 8, 7 проценте охьаяьлла Нохчийчохь

Къинхьегаман министраллан векалша даредарца, шо шаре белхазалла лахъелла йогIу Нохчийчохь. Карарчу беттан 1-чу дийнахь динчу зерашца, 8, 7 терахь гойту махкахь. Инвестицин проекташ а, пачхьалкхан программаш а, бизнес кхиор а, ишта вакансийн ярмаркаш дIахьош а аьтто хилла оцу жамIашка кхача аьлла къинхьегаман министраллехь. Официалан хаамашца, тIемаш бирзинчул тIаьхьа Нохчийчохь 76 процент яра белхазалла. "ТIехбоккха кхиам бу йоццачу хенахь белхазаалла оцу терахьашка ерзо аьтто балар. Цу кепара хIума хилла дац я Оьрсийчоьнан а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Евроберто эхашарна дIаяхъйина Оьрсийчуьрчу бахархошна тоьхна санкцеш

Оьрсийчуьрчу цхьа могIа бахархошна а, Москох тIехIуьттучу Донбассерчу сепаратисташна а дуьхьал яьхна санкцеш кхин а эхашарна дIаяхъйина Евроберто. Еаридийнахь цунах хаамбина Маршо Радион корреспонденто Йозвяк Рикарда. 155 стаг а, 44 компани а ю Iаьржачу тептарехь. ГIирмана аннекси ярца а, Украинан Малхбалерчу конфликтца а боьзна бу уьш. Шайн пачхьалкхашка бахкар а доьхкуш, церан банкашкара чоьташ дIакъевлина Евроберто. Ишта дихкина европхошна аннекси йинчу ахгIайрина инвестицеш хьажор а, цигахь чу-ара ца баккхалун бахам эцар а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Ирхъоллавелла карийна ши шо хьалха Нохчийчохь вайнарг

Ши шо хьалха вайна лерина Шелковск кIоштара Мургустов Муса ирхъоллавелла карийна шен цIа чохь, дуьйцу "Кавказ.Реалии" портало. ГIалгIайчуьра схьаваьлла Мургустов еххачу заманчохь Червленнерчу вино доккхучу заводан автобус тIехь болх бина ву. Цигара воьхча, карабеъана болх беш лийлира иза, шен доьзалца Червленнехь ваха а вехаш. Масийтта шераш хьалха, шен машен юхайохуьйтучу хенахь ларамза шен йоIана тIетоьхнера цо. Цуьнан лулахоша "Кавказ.Реалиига" дийцарехь, оцу меттиегхь еллера йоI. И сингаттам... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Чатаевца уьйрашкахь хиллачу шинна хенаш тоьхна Тбилисехь

Чатаев Ахьмадан террорхойн тобанна гIо латтийна ву аьлла, Тбилиссин кхело 13 а, 8 шераш тоьхна набахтехь такха Горнакашвили Зурабна а, Чапанашвили Бадурна а. 2017-чу шарахь Гуьржийчуьрчу Исанскан кIоштахь цушиммо теракт кечдеш хилла аьлла, тIечIагIдина кхело, яздо Тбилиссин кхелан информацина тIе а тевжаш InterPressNews хьосто. Теракт вовшахтухучарна юург а, мобилан зIе а латтош хилла цара аьлла ду кхело вовшахтоьхначу материалашкахь. Стохка гурахь спецопераци дIахьочу юкъанна вийра Тбилиссехь Чатаев Ахьмад... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Яккхий хенаш йиттина Нохчийчуьрчу 14 жимчу стагна

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан цхьана декъанна тIелатар дара кечдеш аьлла, дIахьединера Iеждалхоша хIетахь. Йолийначу операцехь верриг а лаьцнарг вара Цоцин-юьртара а, Куьршалара а, Шелара а, Майртуьпара а, Устрада-гIаара а 22 стаг. Дийцарехь, 18 шарера 30 шерашка бовллалц стохка Дечкен-баттахь дIалецначех бу и кегийрхой. WhatsApp-ехула яийтина видео.

Radiomarsho.com 

Министр: Нохчийчохь Навальныйн бат йохор ю

Оппозиционер Навальный Алексейга Росгвардин куьйгалхочо Золотов Виктора дов кховдорах вистхилла Нохчийчоьнан зорбан министр Умаров Джамбулата НСН-ан эфирехь. Стаг сийсазвар, аьшнаш вар офицерийн могIаршкахь тергамза дуьтуш дац аьлла, Навальныйга дов кховдош видеокхайкхам Iорабаьккхина Къоман гвардин хьалханчас Золотовс. Цо урхалла дечу Росгвардехь хьарамлонаш лелорах талламаш бинчул тIаьхьа Навальныйс гучудаьккхича, гвардин YouTube-каналехь зорбане яьккхира Золотовс шен видео. Оппозиционерах... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан истори юхаязъе аьлла Кадыровс

Iилманчашна Нохчийчоьнан бакъйолу истори язъяр тIедиллина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Болу хаамаш тешаме ца хета цунна. "Агенташа а, патриоташ ду шаьш бохуш, лелачу наха а хIоттийна хила ца еза нохчийн истори, вайн Iалашо ю - тешаме, бакъ истори язъяр", - аьлла Кадыровс Iилманчийн конгрессехь Соьлжа-ГIалахь. Историкашца къамел хиллачул тIаьхьа сацамбина Кадыровс Iилманчийн юкъаралле кхайкхамбан. Нохчий бу хIорш бохуш, хIирийн а, гIебартойн а элийн суьрташ гайтина историкаша шена аьлла Кадыровс. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Куьршалан кIоштарчу кегийрхошна яккхий хенаш йиттина Нохчийчохь

Набахтехь яккха яккхий хенаш йиттина Шела кIоштан кхело Куьршаларчу 14 жимчу стагна. Дийцарехь, 18 шарера 30 шерашка бовллалц стохка Дечкен-баттахь дIалецначех бу и кегийрхой. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан цхьана декъанна тIелатар дара кечдеш аьлла, дIахьединера Iеждалхоша хIетахь. Йолийначу операцехь верриг а лаьцнарг вара Цоцин-юьртара а, Куьршалара а, Шелара а, Майртуьпара а, Устрада-гIаара а 22 стаг. Кху беттан 11-чохь 9, 8 тIера 10 шаре бовллалц набахтехь яккха хенаш кхайкхийна царна. Читать дальше...


Родные бьют тревогу: девушку из Ленобласти затолкали в машину и увезли в сторону Москвы

Лесной пожар потушили во Фрязине 21 мая

Мужчину с крупной партией мефедрона задержали в Даниловском районе

BNA: король Бахрейна в среду приедет в Россию для переговоров



Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Мужчину с крупной партией мефедрона задержали в Даниловском районе

Загрутдинов: строительство новой школы в Ватутинках почти завершено

Челябинский краеведческий музей готовит большой проект, посвященный Есенину

Вослед ушедшему: поэт Борис Лапузин

Музыкальные новости

Олимпийский чемпион Роман Костомаров поздравил победителей номинации «Экскурсия без границ» программы «Лига Экскурсоводов»

Россия, Культура, Театр и Дети - о ПДД детям показали артисты постановку в театре кукол Ульгэр в Бурятии

Появился трейлер исторического детектива «Плевако» с Сергеем Безруковым в роли легендарного российского адвоката

Тревел-тату как искусство: Яндекс Плюс запустил проект «Из путешествия – с татуировкой»

Новости России

Загрутдинов: строительство новой школы в Ватутинках почти завершено

Работы по благоустройству четырех крупных парковых территорий начались в Москве

В Московской области сотрудниками Росгвардии задержан подозреваемый в краже из магазина

Челябинский краеведческий музей готовит большой проект, посвященный Есенину

Экология в России и мире

Мистический Тибет: путеводитель по местам силы от Кажетты Ахметжановой

Российские туристы встретились с таджикскими строителями в Новой Зеландии и были удивлены их жизни и ответами на вопросы

Осторожно ВПЧ! Доктор Кутушов рассказал от чего появляются папилломы на теле

Светлые оттенки весенней моды: стильные идеи для женщин в возрасте

Спорт в России и мире

Теннисиста Медведева выбили из топ-4 ATP

Немец Зверев выбил россиянина Медведева из топ-4 ATP

Российский теннисист Медведев опустится на строчку в рейтинге ATP

Касаткина, Андреева и Кудерметова — в тройке лидеров в борьбе за звание лучшей теннисистки

Moscow.media

Чесменская церковь.Санкт-Петербург

В РМАТ ПРОШЕЛ I БИЗНЕС-ФОРУМ ВЫПУСКНИКОВ РМАТ 1999-2023 ГОДА ВЫПУСКА, ПОСВЯЩЕННЫЙ 55-ЛЕТНЕМУ ЮБИЛЕЮ АКАДЕМИИ

Экс-мэра Биробиджана осудили на 5 лет за злоупотребление полномочиями. Условно

Сотрудник Дубненского отдела вневедомственной охраны Главного управления Росгвардии по Московской области встретился с учащимися МОУ СОШ №1







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *