ТаIзарш кхочушдон сервисан дакъа кхоьллина Нохчийчохь
Оьрсийчоьнан Федералан таIзарш кхочушдон сервисан центр кхоьллина Нохчийчохь. Цунах лаьцна омра дина федералан Iедало.
Цу кехатца а догIуш, цу центран дехкхар хир ду тутмакхашна дина нуьцкъала болх байтарх лаьцна таIзарш кхочуш дар.
Цу урхаллехь болх беш хир ву 25 стаг. Ахча лур бу федералан бюджетера.