Нохчийчохь ян йолийна гIишлош чекхъяха Кудрине гIо деха дагахь ву Кадыров
Кху деношкахь Кудрина куьйгалла дечу урхаллана кхачамбацарш карийнера, Къилбаседа Кавказехь гIишлош ярца боьзна. Кхечу республикашца цхьаьна йина ялаза гIилош ю бохуш, хьехош яра Нохчийчоь а.
Кадыровна хетарехь, цхьаьна къахьегча аьтто хир бара йина чекхйовлийта республикана мехала йолу социалан а, экономикан а объекташ.

