Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Сентябрь
2018

Новости за 21.09.2018

Radiomarsho.com 

Лавров: Оьрсийчоь дерриг а деш ю, Iамерках а, долларах а йозуш ца хила

Iамерках а, долларан системах а йозуш йоцуш хилар Iалашонца дериг а оьшуш дерг деш ю Оьрсийчоь, дIахьедар дина арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс. Цо дийцарехь, Iамеркин валюте болу тешам бовш бу, Вашингтоно керла санкцеш юкъайохуш а йолуш. Дуьйцург ду кху деношкахь Iамерко лерринчу сервисашца а, тIеман комплексца а воьзна 33 стаг санкцийн листана юкъатохар. Еарин дийнахь Iамеркан Пачхьалкхан Департаменто дIахьедар дира и сацам бина хиларх лаьцна, Оьрсийчоьнан эскархоша а, лерринчу сервисаша... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Титиевн гIуллакх листар къевлинчу роже даьккхина

"Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочуьнан Титиев Оюбан гIуллакх листар къевлинчу роже даьккхина еарин дийнахь Шеларчу кIоштан кхело. И сацам бина суьдхочо прокуроран дехарца. Цуьнца цхьаьна, цхьамогIа полисхоша тоьшаллаш дина дов листар схьайиллинчу рожехь а долуш. Цу хенахь прокурор дуьхьал вацара.

Radiomarsho.com 

Ставрополан махкахь некъахьовзамехь вийна Нохчийчуьра вахархо

Нохчийчуьра а, Ростохара а ши стаг вийна Ставрополан махкахь некъахьовзамехь. Бохам хилла тахана Iуьйранна 5 сахьт долуш Зеленокумск-Соломенское-Степное некъа тIехь. Lada Granta машенна хьалхахиинчуьнга дола ца дан делла цунна, дукха чехка хахкарна. И бахьана долуш машен, некъах а яьлла, хаьрцина. Цунна урхалла деш хилла 45 шо долу Нохчийчуьра вахархо велла. Цуьнца машенахь хиллла Ростохара вахархо велла дарбанан хIусамехь. Башкортостанера волу шолгIа некъахо кIелхаьрваккха гIерташ бу лоьраш. Некъан полицин векалша бинчу хаамца... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Набахтехь шена ницкъ барна кхелехула $14 эзар даккха гIерта Казахстанера заьIапхо

ГIудалкхца бен дIасалелалуш воцучу заьIапхочуьнан Сулейменов Жасланан латкъам листа болийна Астанарчу кхело. Набахтехь хан токхучу хенахь шена ницкъ барна пхи миллион тенге ахча доьху цо Iедалера. Террорхо хиларна бехкевина 8 шо набахтехь даьккхина ву Сулейманов.

Radiomarsho.com 

Доккха Нохчийчоьнан карта гучудер ду Соьлж-ГIалин юккъерчу майданахь

Соьлж-ГIалин юккъерчу майданахь кестта гучудер ду доккха Нохчийчоьнан карта. Бесара тIулг а буьллуш, иза дуьллур ду республикан коьрта гIала йиллина 200 шо кхарна хьажийна. Нохчийчоьнан доза билгалдаьккхина хир ду сира бесца, ткъа кIоштийн контурш хир ю Iаьржачу бесан. Картана юккъехь боьмаша бесца гайтина хир ю Соьлж-ГIала. Цигахь лаьттш хир бу боккха некъан чиркх. Цунах лаьцна дийцинчу Соьлж-ГIалан архитекторо Зелимханов Абдулрешида билгалдаккхарехь, и арт-объект йилла дагадеанарг ву Кадыров Рамзан. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь ян йолийна гIишлош чекхъяха Кудрине гIо деха дагахь ву Кадыров

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедар дина, Оьрсийчоьнан Лараран чоьнан куьйгалхочуьнга Кудрин Алексейга дехар дан дагахь ву ша, республикехь ян йолийна гIишлош чекхъяха гIо дахьара аьлла. Цунах лаьцна Кадыровс яздина «ВКонтакте». Кху деношкахь Кудрина куьйгалла дечу урхаллана кхачамбацарш карийнера, Къилбаседа Кавказехь гIишлош ярца боьзна. Кхечу республикашца цхьаьна йина ялаза гIилош ю бохуш, хьехош яра Нохчийчоь а. Кадыровна хетарехь, цхьаьна къахьегча аьтто хир бара йина чекхйовлийта республикана мехала йолу социалан а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Дазлуш ду мехкадаьтта

Гезгмашин-беттан 21-чу дийнахь хиллачу махбаро гайтина мехкадаьтта дазлуш хилар. Иштта Лахьан-беттахь эцначуунна дIакхачор долчу Brent цIе йолчу мехкадаьттан цхьана черманан мах хьалабаьлла 24 центана. ХIинца цунах ло $78,94. Нью-Йоркехь WTI олучу мехкадаьттан мах бара $70,39 (+0,07 долларан).

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь доллар дайлуш ду, ткъа евро дазлуш ду

Гезгмашин-беттан 21-чохь Москох хиллачу валюта дохкаран базарахь доллар дайделла 4 кепекана, ткъа евро дазделла 10,5 кепекана. Цу кепара, пIераскан дийнахь цхьана долларан мах хIоьттина 66 сом 22 кепек. Еврон мах бу 78,145 сом.

Radiomarsho.com 

Къевлинчу роже даьккхина Титиевн гIуллакх листар

"Меориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочуьнан Титиев Оюбан гIуллакх листар къевлинчу роже даьккхина еарин дийнахь Шеларчу кIоштан кхело. И сацам бина суьдхочо прокуроран дехарца. Цуьнца цхьана, цхьамогIа полисхоша тоьшаллаш дина тов листар схьайиллинчу рожехь а долуш. Цу хенахь прокурор дуьхьал вацра. Титиев лаьцна полицин белхахоша, цуьнан машенчохь наркотикаш карийна аьлла. Бакъонашларъярхочо уьш полисхоша тесна ю боху шена. Дуьненаюкъарчу бакъонашларяън вовшахтохараллан тIедожорца дехар дина Iедалшка, Титиев маьршаваккха аьлла.

Radiomarsho.com 

Макгрегора аьшнашвора Нурмагомедов Нью-Йоркерчу зорбанан конференцехь

Нью-Йоркехь хиллачу зорбанан конференцехь UFC-н Ирландера латархочо Макгрегор Конора юх-юха а аьшнашвора Оьрсийчуьра латархо Нурмагомедов Хьабиб. Цунах лаьцна яздо News.ru сайто. Нурмагомедовс дош оллушехь, Макгрегора ша-тайпа аьзнаш дора багахула, цо дуьйцург дуьйцу ша бохуш кеп хIиттош.   UFC 229 къовсамехь Нурмагомедов а, Макгрегор а тасалур ву ГIадужу-беттан (Октябрь)  6-чохь Iамеркерчу Лас-Вегасехь. ​




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *