ГIалгIайчохь интернет болх беш яц, Магасе чу а ца вуьту
![ГIалгIайчохь интернет болх беш яц, Магасе чу а ца вуьту](https://gdb.rferl.org/8A93EAAB-7CE0-4BE6-8A46-E4BFD4AEF709_cx0_cy10_cw0_w800_h450.jpg)
Мобилан интернетан болх сецна аьлла, хаамбина Магасерчу бахрахоша. Массо а улхан зIенан операторийн проблемаш лаьтта телефонаш дIасаеттарехь а. Дукхахболчара дийцарехь, йочанца доьзна дац и хьал, Iедалца бертаза кхааридийнахь хIотто лерина митинг бахьана долуш ду.
ГIалгIайчоьнан социалан машанашкахь а, мессенджерашкахь а де хьалха информаци яьржира, Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанаш тIехула иккхина конфликт бахьана долуш гуламехь бистхила дагахь бу аьлла.