Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Сентябрь
2018

Новости за 26.09.2018

Radiomarsho.com 

Кадыровн а, Евкуровн а барт хилла дозанаш декъарехь

Шина махкана юкъахь административан дозанаш къастош бертан кехатна куьйгашяздина Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а куйьгалхоша Магасехь. "Интерфакс" агенталло бина и хаам. Документца а догIуш, шина регионо хийцина Теркйистан а, Малгобекан а кIошташкара тIехь нах бехаш боцу латтанаш. Нохчийчоьнна дIаделла Теркйист кIоштан дакъа а,  лаьмнийн, хьаннийн майданийн метиг а. Ткъа ГIалгIайчоьнан долахь йитина Малгобекан кIоштара цунах терра территори.

Radiomarsho.com 

ШолгIачу ешарехь а чекхдаьлла пенсин реформех низам

Оьрсийчохь пенси воьду хан тIетухуш юкъаяьккхина низаман проект пачхьалкхан Думан шолгIачу ешарехь а къобалйина. 386 депутатах 326 кхаьжнаш тесна. Реформана дуьхьал болчу КПРФ фракцин декъашхоша акци хIоттийнера ладегIарш дIахьочу чохь, тIе сизаш хьаькхна 63 а, 65 а терахьаш тIехь долу кучамаш а йоьхна, хаамбо "Коммерсанто". Низаман проект йийцарееш кхолгIа ладегIарш дIахьур ду Думано еаридийнахь. Маршо Радионо яздира, пенси баха пхи шо, я кхин а лахара хан йисина белхахой балхара дIабаьхна меттиг... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Сигал Стивен Приморскан губернатор хила лууш ву

Дукха хан йоццуш Iамеркаца гуманитаран зIенаш латто Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн лерина векал хIоттийначу Голливудан актеро Сигал Стивена дIахьедина, Приморскан кIоштан губернатор хила лаам бу шен аьлла. Владивостокехь дуьненаюкъарчу кинофестивалехь шен хьовсархошца къамел дечу заманчохь дина цо и дIахьедар. Сигала бахарехь, дегахула цуьнан хIу Приморьера схьадаьлла ду. Цундела лаьа шена Приморскан кIошт талла а, зен а. "Шун кIоштан губернатор хила а", - аьллачу актеран дешнаш далийна "Интерфакс" агенталло. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Страсбургехь полицино дIалаьцна Нохчийчуьра жимстаг

Нохчийчуьра схьаваьлла 18 шо долу Анаев Iабдул-Малик лаьцна Страсбургехь, теракт кечдеш хилла аьлла, бехкала а воьллина. France Bleu радиостанцино бина и хаам. Дийцарехь, кху беттан 18-чохь дуьйна лаьцна хилла иза, амма информаци Iораяьккхина кIира даьллачул тIаьхьа. Лаьцначо тIе ца дуьту дохку бехкаш, амма мукIарло дина цо, интернетехь "Исламан пачхьалкх" шех олучу организацех лаьцна хаамаш кегийнера ша аьлла. Радионо дийцарца, терроризмца воьзна хилла аьлла, бехкевина, лаьцначун ваша а ву набахтехь хан токхуш. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГихтIехь кхо резервуар ю йогуш

Хьалха-Мартанарчу ГихтIехь ягорг йуттучохь цIе яьлла. 30 говзанча тIеоьзна и цIе дIаяйа. "Йогург ю кхо резервуар. Карарчу заманчохь орцан министралло 30 белхало а, ворхI техника а ялийна, дIайойуш ю цIе", - хаамбина ТАСС агенталле урхаллан пресс-гIуллакххоша. Болчу хаамашца, лазийна, велла стаг вац цу зуламехь.

Radiomarsho.com 

ЭрдохIан: урхаллехь Асад мел ву машарца доьрзур дац Шемара хьал

Шемарчу Идлиб провинцера уьдуш бу радикалан тобанхой, амма маьрша доьрзур дац цигара хьал, пачхьалкхан куьйгаллехь Асад Башар мел ву. Reuters агенталле дина цу кепара дIахьедар Туркойчоьнан президенто ЭрдохIан Реджепа. Кхо миллион вахархо веха Идлибехь, шайлахь кхоалгIа дакъа - бераш а долуш. Де хьалха ООН-ан Инарла Ассамблейн сессехь вистхуьлуш ишта ЭрдохIана дIакхайкхийра, провинцина тIелатар юхадаккха аьтто хилла, Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а бертан дийцарх пайдабаларца. Оьрсийчоьно гIо... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь интернет болх беш яц, Магасе чу а ца вуьту

Мобилан интернетан болх сецна аьлла, хаамбина Магасерчу бахрахоша. Массо а улхан зIенан операторийн проблемаш лаьтта телефонаш дIасаеттарехь а. Дукхахболчара дийцарехь, йочанца доьзна дац и хьал, Iедалца бертаза кхааридийнахь хIотто лерина  митинг бахьана долуш ду. ГIалгIайчоьнан социалан машанашкахь а, мессенджерашкахь а де хьалха информаци яьржира, Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанаш тIехула иккхина конфликт бахьана долуш гуламехь бистхила дагахь бу аьлла.

Radiomarsho.com 

Махкахошка собаре хила аьлла ГIалгIайчоьнан премьер-министро

Собаре хила, кхетамах ма доха, вовшашка болу тешам а ларбе аьлла, махкахошка кхайкхамбина ГIалгIайчоьнан премьер-министро Евлоев Зеламхас. Нохчийчоьнца дозанаш къастадарх лаьцна вистхиллера иза, яздо "ГIалгIайчоь" хьостано. Евлоевна хетарехь, кху муьрехь уггар коьрта а, чолхе а долчух ду "чIагIо йолуш, нийсонца ГIалгIайчоьнан дозанаш билгалдахар". Ишта цо тидаме эцна, "интернетехь вовшашкара бехкаш дохуш, агресси кхуьуш" хилар а. "Ас доьху махкарчу бахархошка, кегийрхошка кху жоьпаллин хеначохь собаре а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра Гуьржийчу боьду некъ юхабан болор бу

Нохчийчуьрчу Итон-Кхелара дIа Гуьржийчоьнан Ахметовн кIошта ткъех шераш хьалха болийна некъ юха бан тарло. И некъ Федералан маьIнехь йолчу объектийн тептаре баккхарх дийцарш дийр ду Росавтодорехь. Ткъа некъ болор бу шина пачхьалкхна юкъахь барт хиллачул тIаьхьа. Росавтодоран куьйгалхочо Старовойт Романа бина и хаам. Нохчийчуьрчу Итон-Кхелара дIа бечу некъо ткъа шо хьалха Оьрсийчоь а, Гуьржийчоь а вовшах йоьзна хила езаш яра, амма гуьржийн агIоно некъ биллар сацийнера, хаамбо ТАСС агенталло. Къилбаседа... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Стохка дуьйна лецна латточу Теркйистерчу кегийрхошна кхел кхайкхор ю

Стохка Дечкен-баттахь лецначу Теркйистерчу 9 жимчу стагна (Алимханов Аслан, Асхабов Джамбулат, Алиев Шемал, Дачаев Iийса, Гайрбеков Хьусайн, Гайрбеков СаIид, Китаев Мохьмад, Саралиев Ислам, Юсупов Артур) тIехь йолийна кхел ерза герга ю аьлла, хаам кхаьчна "Кавказ.Реалии" портале. Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь латтош бара уьш юьхьанца дуьйна. Шаьш лахара хенаш бен тухур яц, нагахь журналисташка а, бакъонашларъярхошка а цхьана кепара информаци аш ца кхачаяхь аьлла хиллера Iедалхоша лецначийн гергарчаьрга. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кадыров "диктатор ву" алар ца тайна зорбан министрна

Нохчийчуьрчу зорбан министро Умаров Джамбулата ирландхойн латархочо МакГрегор Конора йоьдучу зорбан конференцехь мехкан куьйгалхо "нохчийн диктатор" ву аларх комментари йитина "Москоха дуьйцу" радиостанцица хиллачу интервьюхь. "Цхьана а кепара тхан лидеран сий ца дойу цуьнан багах даьллачо. МакГрегор осала стаг ву, цуьнан цIе Кадыров Рамзанан цIарца цхьана яккхар - цунна доккха дозалла ду", - аьлла министро. Ишта хьехна цо МакГрегорна, хьем ца беш, Кадыровга шена гечдар дехар. Умаровна хетарехь, психикаца лазар долуш ву спортхо. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Исламан академехь хьиджаб магош яцахь а, кIелхьарбийла некъаш карадо дешархошна

Ташкентерчу Дуьненаюкъарчу Исламан Академехь хьиджабаш лело могуьйтуш цахиларна, зудабераша шаьш доьшийлан гIишло чу кхачале коьртара йовлакхаш дIа а дохуш, парикаш а, шайн къоман песаш а дIатохку. Видео тIехь гуш ду, цхьана йоIа коьртара йовлакх жимачу касенкаца хуьйцуш. Маршо Радион Узбекистанан сервисо яьккхина хIара видео.

Radiomarsho.com 

Петарбухарчу депутатна кIело йина аьлла нохчо лаьцна

"Цхьаалин Оьрсийчоь" партин цIарах Петарбухахь депутат волчу Адхамов Бахтиярна тIелатар дина аьлла, шеконашца стаг лаьцна. 32 шо долу Нохчийчуьра схьаваьлла Муртазаев Апти ву лаьцнарг. КарабогIучу беттан 10-чу кхаччалц чохь вуьтур ву иза Калининскан кIоштан кхело "Кресты -2" олучу талламан изолятор чохь. Стаг вен Iалашонца кIелоян гIортарна аьлла, бехкзуламан гIуллакх долийна Муртазаевна дуьхьал. 2016-чу шеран бIаьста Васенкон урамехь мунициапалан депутат, лор, бизнесхо Адхамов Бахтияр вен гIоьртинера. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Латта дIалуш куьйгашяздан тарло гIалгIайн, нохчийн куьйгалхоша

ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а куьйгалхоша тахана куьйгаш яздан тарло Сунженскан кIоштарчу лаьттан цхьа дакъа Соьлжа-ГIалана дIалуш. Де хьалха цунна дуьхьал бевллачу гIалгIайн жигархоша чIагIбо и хаам. ГIалгIайн латта Нохчийчоьнна дIадала Iалашонна шаьш тIекхиаде аьлла, митинге бевллера 100-500 жигархо. Митинг хIотто бахьана хIоьттинера царна, "Кавказан узел" агенталло яздарехь, Сунженскан кIоштан куьйгалхочо Хашагульгов Iийсас шегара дарж охьадилларца. Фейсбукерчу шен агIонехь Хашагульговс дIахьедира... Читать дальше...


Главврача подмосковной больницы задержали за взятку

В Госдуме разрабатывают законопроект о правилах размещения муралов

Депутат Цивилев ответил на вопрос о штрафах для курьеров-нарушителей ПДД

В Ступине приступили к благоустройству сквера в рамках Народной программы «Единой России»



Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Депутат Цивилев ответил на вопрос о штрафах для курьеров-нарушителей ПДД

Самодельное взрывное устройство обнаружено у входа на станцию метро в Стамбуле

В Госдуме разрабатывают законопроект о правилах размещения муралов

Оздоровительные лагеря готовятся встретить мытищинских школьников

Музыкальные новости

Армяне России поддерживают движение «Тавуш во имя Родины»

Полезные приложения для поклонников спортивной ходьбы

Дмитрий Бикбаев готовит премьеру театрального проекта, основанного на личных переживаниях

В Пушкинский день театр кукол «Ульгэр» выступил в райцентре Ресрублики Бурятия: Россия и Культура, Дети

Новости России

Депутат Цивилев ответил на вопрос о штрафах для курьеров-нарушителей ПДД

Полиция накрыла казино для пенсионеров в Москве, которое было оборудовано в обычной квартире

Оздоровительные лагеря готовятся встретить мытищинских школьников

В Ступине приступили к благоустройству сквера в рамках Народной программы «Единой России»

Экология в России и мире

Не чувствую руку: Доктор Кутушов рассказал к чему приводит частое онемение конечностей

Участники Всероссийской олимпиады школьников по математике выбрали Marins Park Hotel Нижний Новгород

Большинство российских туристов к 2030 году пересядут на этот вид транспорта

"Глория Джинс" открывает первые магазины Ready! Steady! Go!

Спорт в России и мире

Кто транслирует бой Табило против Джоковича на турнире Rome Masters 1000?

Без защиты: как Медведев и Хачанов проиграли свои матчи в Риме

Свёнтек прошла в полуфинал турнира WTA-1000 в Риме

Свёнтек высказалась об акции протеста экоактивистов, выбежавших на корты Рима

Moscow.media

Армяне России поддерживают движение «Тавуш во имя Родины»

Сервер российского вендора DатаРу прошел сертификацию и показал рекордную производительность при работе с SAP HANA

Завершена надвижка моста в Нагатинском затоне

В День Пушкина театр кукол «Ульгэр» в райцентре Бурятии: Россия, Культура, Дети







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *