Махкахой цIаберзоран программина юкъаяхана Нохчийчоь
Нохчийчоь а, ГIалмакхойчоь а юкъаяхана Оьрсийчохь дIахьочу шайн лаамехь махкахой цIаберзоран пачхьалкхан программина, хаам бо "Регнумо". Цунах лаьцна Iедалан кхеташонехь дIахьедар дина Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Колокольцев Владимира.
Цо дийцарехь, цу юкъахь хIинцале а дакъалоцуш ю Оьрсийчоьнан 68 регион.
Премьер-министро Медведев Дмитрийс бинчу хаамца, программа йолийначул тIаьхьа 800 эзар стаг, цIа а вирзина, ваха хиъна Оьрсийчохь.