Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Октябрь
2018

Новости за 04.10.2018

Radiomarsho.com 

Махкахой цIаберзоран программина юкъаяхана Нохчийчоь

Нохчийчоь а, ГIалмакхойчоь а юкъаяхана Оьрсийчохь дIахьочу шайн лаамехь махкахой цIаберзоран пачхьалкхан программина, хаам бо "Регнумо". Цунах лаьцна Iедалан кхеташонехь дIахьедар дина Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Колокольцев Владимира. Цо дийцарехь, цу юкъахь хIинцале а дакъалоцуш ю Оьрсийчоьнан 68 регион. Премьер-министро Медведев Дмитрийс бинчу хаамца, программа йолийначул тIаьхьа 800 эзар стаг, цIа а вирзина, ваха хиъна Оьрсийчохь.

Radiomarsho.com 

Ялх стаг кхелхина Малайзехь кхиазхо кIелхаьрваккха гIерташ

Малайзин орцаллин сервисан 6 белхахо кхелхина карьер хиллачу меттехь гучубаьллачу Iома чу вахана кIант кIелхаьрваккха гIерташ. 17 шо долу кхиазхо вайна хилла де хьалха, цу Iома йисте шен накъосташца чIерийн леца вахханчохь. Меттигерчу Iедалша динчу дIахьедарца, орцанхой кӀуркӀмани юкъабахана хилла. ЦIеххьана хи хьадарна цхьаболу гIирс байна хилла цера. Орцанхой вовшех бихкина хилла, оьшуш болу кечамаш бина хи чу бевлла а хилла. Амма церан аьтто ца баьлла хи чура хаьалабовла. Эххаре а хьалабаха аьтто баьлча уьш белла карийна.

Radiomarsho.com 

Эльдерханова Зайнап. Яхъелла Херо

Эльдерханова Зайнап Яхъелла Херо ...Юха а еара иза школе, цIахь, стоьла тIехь шен ручка а йицйина. Сихъеллачохь. ХIинца дуьххьара юьтуш а яцара цо иза. Цуьнан ирс доххал хIума дацара иза-м! ХIинца, классера массарал диканиг ву, каралаьцна Iаьржа дипломат а йолуш, схьакхача везаш. Йицлуш хилар а хIумма а дац. Ручка-м шайн классерчу зудаберашкара йоккхур яра. Уллехь хиъна Iаш иза велахь а, цуьнга цо цкъа а, хIумма а йоьхур а яц.  Цхьана парти тIехь, йистехь, хиъна Iаш дара и шиъ, иштта цхьаьна, дуьне мел ду хиъна Iийр ду а моьттуш. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Бексултанов Муса. Лазам

Бексултанов Муса Лазам Кхуо тилпо кисана йиллира, пIелг таIийна, машен хьала а латош – накъосташа кхайкхинера кхуьнга, хIума а кхоллуш, жимма цхьаьна Iийр дара вай, биллиард а тухуш, волахь, аьлла. Уьш кхуьнан хьалха хиллачу хьешеш бисина бара, цхьаберш кхунна товш а боцуш, хIетте а, цхьаьна хьерчаш ханъяйарна, гIалаташ а ца хьехош, куьг а тесина, Iадда битина. Кхуьнан уьш чIогIа дукха а бара цхьана хенахь, хиллачех хIинца – ган лууш – цхьа-шиъ бен а ца вуьсуш. Хьо жима а, къона а волуш... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Дозанаша лачдоккхуш лаьтта вежаралла

Нохчийчоьнца шайн къоман интересашца ма-доггIу доза къастор Iедална тIедожош гулам хIоттийна Магасехь гIалгIайн жигархоша. Хьалхо шина мехкан куьйгалхоша, Кадыровссий, Евкуровссий, хIоттийначу доза къасточу бертанна резадацарш даржадо цхьаболучара, таханалера дозанаш нийса хIиттийна дац, боху кхечара. Полицин хаша лаьцна кхобу некъаш, урамаш. Делкъан ламазашна дIасабахана нах юхагуллур бу Iедалан хIусамашна хьалха, аьлла бара де шолгIачу декъе лесташ хеза хаамаш.

Radiomarsho.com 

ГIала хилла Куршлойн-эвлах

Тахана дуьйна керла гIала гучуяьлла Нохчийчоьнан карти тIехь. Куршлойн-эвлах хилла Куршлойн-ГIала, хаам бо "Чечня сегодня" сайто. Цу хьокъехь сацам тIеэцна республикерчу парламентан депутаташа. Куршлойн-ГIала административан юкъ ю Куршлойн кIоштан. Таханлерчу денна цигахь вехаш ву 25 эзар гергга вахархо.

Radiomarsho.com 

Герз диттина Магасерчу митингехь

Ницкъаллин структурийн белхахоша ирх герз диттина митинге гулбеллачу нахе вистхила ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек тIевеанчу хенахь, хаам бо РБК-но.   Цу дуьхьалонан акцехь дакъалоцуш бара Магасехь Нохчийчоьнца доза билгалдаккхар хьокъехь бинчу сацамна реза боцу нах. RTVi телеканало дийцарехь, церан терахь дара 10 эзар гергга стаг.   Уьш гулбеллера бина барт парламенто къобалбеш бу аьлла хезна. ББС-но бинчу хаамца, ницкъаллин структурийн белхахоша депутаташ арабаьхна парламентан гIишло чуьра. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГIалгIайн депутаташа тIечIагIбина Евкуровс а, Кадыровс а бина барт

ГIалгIайчоьнан депутаташа тIечIагIбина доза хьокъехь Нохчийчоьнца бина барт. Цунах лаьцна ТАСС агенталле хаам бина цу республикан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека. Хьалхо нохчийн а, гIалгIайн куьйгалхоша доза тIечIагIдарх лаьцна бина барт, дуьхьал цхьа а воцуш, къобалбира Нохчийчуьрчу парламентан декъашхоша.

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан парламенто тIечIагIбина ГIалгIайчоьнца доза хьокъехь бина барт

Нохчийчоьнан парламенто тIечIагIбина республикан ГIалгIайчоьнца доза тIечIагIдарх лаьцна бина барт. Парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада дийцарехь, и сацам тIеэцна депутаташа, духьал цхьа а воцуш, хаам бо ТАСС агенталло.

Radiomarsho.com 

2013-чу шаре охьаяьлла Путинан рейтиг

Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире тешам хиларан рейтинг охьаяьлла 2013-чу шарахь хиллачу тIегIантIе. Иза гойтуш бу социологаша бина талламаш. Гезгмашин-баттахь 58% Оьрсийчуьрчу бахархоша къобулдора пачхьалкхан куьйгалхочо дийриг. Цунах лаьцна хаам бо "Коммерсанто" "Левада-центро" бинчу талламна тIе а тевжаш. Путинах теша мега дац аьлла хетачу нехан дакъа алсамдаьлла 13% кхаччалц. Мангал-баттахь "Левада-центро" арахийцира ша бинчу талламан жамIаш. Царца а догIуш, 51% респондент лууш вара... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Дозанийн хьокъехь митинг ю Магасехь йоьдуш

Карарчу хенахь лаххара а 2000 стаг ву Магасерчу Iедало делла пурба а доцуш вовшахкхеттачу гуламехь дакъалоцуш. Полицино къевлина Iедалан хIусамашна тIебоьлху некъаш, нах гIаш боьлху мехкан дозанаш хийцарна дуьхьаллаьттачу тобанна тIе, хаамбина "Яблоко" партин меттигерчу декъан лидеро Муцольгов Руслана.  "Кавказский Узело" кеп-кепара даладо дакъалацархойн терахьаш, 2000 тIера 5000 тIекхаччалц. Гуламхошлахь дуккха а бу фото, видео йоху нах, шайлахь ницкъхойн векалш а тIехь болуш, яздина Муцольговс шен фейсбук-агIонтIехь. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Митингашкахь ца къастадо дозанаш"

ГIалгIайчоьнан Iедало кхойкху мехкан бахархой Нохчийчоьнца долчу дозанех лаьцна дечу къамелашкахь оьзда хилар. Парламенто билгалдоккху, лаьттанаш къасторца долу гIуллакх пачхьалкхо бакъо еллачу хьукматийн карахь хилар, митингашкахь луьстуш дацар. Оцу хьокъехь документ арадаьккхина Республикан Халкъан Гуламо. "Интернетехула йоккхуш ца хуьлу нийсо а, низамаш а, ца хуьлу къастош я гуламашкахь а. Оцу гIуллакхна тIебехкина бу шайнначул бакъонаш карахь йолу профессионалаш", - боху парламенто ша баржочу кхайкхамехь. Читать дальше...


В Москве пройдёт фестиваль «Небо»

За майские праздники по трассе М12 автомобилисты проехали более миллиона раз

Активисты партии «Единая Россия» г.о. Жуковский отправили гуманитарную помощь руководителю Местного отделения «Молодой Гвардии» Денису Грибанову.

Андрей Воробьев: в Ленинском округе в 2024 году откроют дорогу ЮЛА



Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

В Ступине обновляют дорожную разметку на проспекте Победы

В Москве пройдёт фестиваль «Небо»

Андрей Воробьев: в Ленинском округе в 2024 году откроют дорогу ЮЛА

Активисты партии «Единая Россия» г.о. Жуковский отправили гуманитарную помощь руководителю Местного отделения «Молодой Гвардии» Денису Грибанову.

Музыкальные новости

Таунхаусы в Подмосковье за год подорожали в среднем на 6% — до $258,9 тыс

Театр кукол «Ульгэр» выступил в райцентре Бурятии в День Пушкина - Россия, Культура, Дети

"Зенит" в Москве обыграл ЦСКА и сравнял счет в серии

Пензенская область вошла в число 10 регионов, где «Пятерочка» и Российский Красный Крест запустили пилотный проект «Уголки здоровья»

Новости России

Кардиолог Бокерия назвал ходьбу лучшим методом оздоровления

Путин объяснил, почему решил поменять министра обороны посреди СВО

Неделя мэра: завод «Москвич», гранты для школ искусств и система городских вокзалов

Дорогу от Муромцева до Городища отремонтируют к осени

Экология в России и мире

Стой и не двигайся: доктор Кутушов рассказал, что делать при встрече со змеями

Пермский край, Суксунский район

Новые городские проекты в сотрудничестве с парком Юрия Лужкова готовит Фонд Юрия Лужкова

C 13 по 19 мая 2024 года проходит Неделя профилактики повышения артериального давления

Спорт в России и мире

Виктория Азаренко пробилась в четвертьфинал турнира WTA в Риме

Хачанов проиграл Табило в 1/8 финала «Мастерса» в Риме

Соболенко вышла в полуфинал турнира WTA в Риме

Даниил Медведев одолел 121-ю ракетку мира Меджедовича и вышел в 1/8 финала Рима

Moscow.media

В Армении прошел крупнейший на постсоветском пространстве «Бессмертный полк». Видео. Фоторяд

Танцы с ветром....

Столичные сотрудники росгвардии задержали нетрезвого водителя

«Байкал Сервис» открыл новый терминал на юго-востоке Москвы







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *