Сенцов Олег маьршаваккхар тIедожийна Евроберто
Украинхойн режиссеро шен мацаллин протестехь гайти "майралла, чIагIалла, шен са цакхоор", - яздо дIахьедарехь. Нагахь кхачо йоллуш Сенцовна медицинан гIо ца кхачадахь, жоьпалла Оьрсийчоьнна тIехь дуьту цара.
Дахначу шоьтадийнахь дуьйнна ша мацалла юхайоккхуш ю, оьрсийн Iедалхой бертаза шена хIума яо гIерта аьллера Сенцовс.
УФСИН-ан (таIзарш кхочушдаран системан федералан урхалла) куьйгалхочун гIовса "Известия" газете бинчу хаамца, Сенцовн могушаллина тIехь терго латтош ю лоьраша.
"Набахтерчу шен дахарх а, тутмакхех а" ша яккха дагахь волчу кинон сценари язъъян волавелла иза аьлла цо.
Оьрсийчоьно набахтехь даккха 20 шо хан кхайкхийна Сенцов Олегна, аннекси йинчу ГIирмехь теракташ кечдеш хилла иза аьлла, бехкевина. Сенцовс бекх тIе ца лоцу.