Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Октябрь
2018

Новости за 08.10.2018

Radiomarsho.com 

"Шайн селхане ларъян гIерта нах"

Нохчийчоьне ша латта дIалуш халкъах дага ца ваьлла Евкуров Юнус-Бек, боху гуламехь лаьттачу къоначу гIалгIаша.

Radiomarsho.com 

Аушев Руслан: ГIалатдаьлла мехкан куьйгаллера

Олевский Тимур                                                                                                    "Карара Хан"  ("НастоящееВремя")                                                                                                            ГIалгIайчоьнан хьалхарчу президенто Аушев Руслана бакъбо Магасера гуламхой Протестхошна хьалха вистхила Магасе веъна Москох веха ГIалгIайчоьнан хьалхара президент Аушев Руслан. Ша митингехь динчу къамелца цо хаитира шена муьлха агIо бакъ хета – Iедал я гуламхой. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Iарбойн оппозиционеран журналист лоьху Туркойчуьрчу СаIудан векалтехь

Оппозицин журналист Хашогги Джамал варца доьзна СаIуда Iаьрбийчоьне бакъо ехна Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралле, Истанбулерчу паччахьаллин инарла консулаллех хьовсийта шаьш аьлла. NTV телеканало бина и хаам оршотдийнахь. Туркойн Iедалхойн векалшна хетарехь, кIира хьалха вайна Хашогги Истанбулерчу СаIуда Iаьрбийчоьнан векалтехь вийна хила тарло. СаIудера журналист вар толлучу гIуллакхна тIехь терго латтош ву ша аьлла, дIахьединера туркойн президенто ЭрдохIан Реджепа. Хашоггин доттагIчо бахарехь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Гавел Вацлаван цIарах совгIат дина Титиевна

Гавел Вацлаван цIарах Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейн (ПАСЕ) бакъоларъяран совгIат дина Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" центран офисан куьйгалхочунна Титиев Аюбна. Оршотдийнахь Страсбургехь схьайиллинчу ПАСЕ-н сессехь дIакхайкхийна цунах организацин куьйгалхочо Паскье Лилиан Морис. Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейн трибуни тIера дIабовзийтира Титиев Аюба бина кхайкхам. Нохчийчохь "таIзар доцуш лелочу харцонех", политикан бух тIехь дуьхьалдохучу бехкзуламан гIуллакхех яздинера бакъонашларъярхочо. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Титиевн кхел юкъахъяьккхина цхьахволчу тешна вуон а хилла

Оршотдийнахь бакъонашларъярхочун Титиев Аюбан кхелехь левечу полисхочо шегахь вон хьал ду аьллачул тIаьхьа, юкъахъяьккхина суьдхойн кхеташо. Кхелахоша хьалхара хеттарш дар долийра Титиев сацочу дийнахь новкъахь ха деш хиллачу полисхочуьнга Данчаев Мохьмаде. Титиев дIалоцучу дийнахь ша Хутаевца а, Гараевца а цхьана гIаролехь вара, Гараевс тешаш бало гIо аьлла, дIахьажийра ша аьлла, дийцар долийна, цул тIаьхьа шегахь дика хьал дац аьлла, латкъам бира цо. Йоьду кхел сацйра суьдхочо. Цул тIаьхьа лоьраш кхайкхира аьлла... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Китайн Iедалхоша коррупцица воьзна ву аьлла Интерполан хилла президент

Интерполан урхаллехь лаьттина Хунвэй Мэн коррупци лелош хилла аьлла, шеконаш кхоллаелла Китайн Iедалхойн. Пачхьалкхан юкъараллан кхерамзаллан министралло оршотдийнахь даржийначу дIахьедарехь дуьйцу цунах, хаамбо CNN телеканало. Бехкаш дахкар доьзна ду Китайхь куьйгаллин даржашкахь цо бинчу белхашца. Хьалхо  Интерполо хаамбира, кIирандийнахь Хунвэй Мэна дарж охьадуьллуш, кехат чуделла аьлла. Байначу беттан 25-чу дийнахь Китайхь кеманчуьра охьавуссучу заманчохь дIалаьцнера иза. Хунвэйн хIусамнанас хаамбарца... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIала - 200

ПIераскан дийнахь ши даздар дIадаьхьна Нохчийчохь - билгалдаьккхина Соьлж-ГIалин 200 шо дузар а, Кадыров Рамзанан 42 шо кхачар а. Журналисташ, шайн парггIат болх бойла дацара бохуш летккъахь а, хаза кечйина а, ондда ларъеш а яра шахьар.

Radiomarsho.com 

Омскерчу набахтера тутмакхаш дарбан цIийне бигина

Омскерчу лоьмар 6 йолчу колонехь летарш хиллачул тIаьхьа дарбан хIусаме кхачийна 4 стаг, амбулаторан гIо кхачийна кхин а масийтта тутмакхна, - хаамбо "Интерфакс" агенталло, кIоштарчу омбудсменан Касьянова Иринин хаамна тIе а тевжаш. Цо иштта дIахьедина, дов долийна аьлла, бехкевина 12 гергга тутмакх СИЗО дIахьажорах а. Хьалхо дийцаредаьккхинера, Талламан комитето бехкзуламан гIуллакх диллина бохуш. Хилларг ма дарра зен а зуьйш, бехкенаш билгалбохуш бу аьлла, хаамбина Омскан кIоштарчу Талламан комитетан пресс-гIуллакххоша. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Сенцов Олег маьршаваккхар тIедожийна Евроберто

145 дийнахь мацалла хьегна Украинан режиссер Сенцов Олег колонера ара а ваккхий, цунна оьшу лоьрийн дарба кхачаде аьлла, Оьрсийчоьне кхайкхамбина Европан Кхеташоно. Динчу дIахьедарехь иштта маьршабаха тIеэгийна Оьрсийчохь а, аннекси йинчу ГIирмехь а бехк боцуш чохь латто Украинан бахархой а. Украинхойн режиссеро шен мацаллин протестехь гайти "майралла, чIагIалла, шен са цакхоор", - яздо дIахьедарехь. Нагахь кхачо йоллуш Сенцовна медицинан гIо ца кхачадахь, жоьпалла Оьрсийчоьнна тIехь дуьту цара. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Iедалша билгалъяьккхинчу майдана дехьаяьккхина Магасера митинг

Нохчийчоьнца дозанаш хийцарна дуьхьалбевлла, митинге арабевлла меттигера бахархой, Iедалан пурбанца "ГIалгIайчоь" телерадиокомпанина герга дехьабевлла аьлла, хаамбина "Интерфакс" агенталле жигархочо Мальсагов Мусас. "Четарш а, гIанташ а Магасан коьртачу майданара къоман телерадиокомпанин гIишлонна хьалхарчу майданахь дIахIиттийна жигархоша. Оршотдийнара 15-чу дийне кхаччалц магийна Iедалхоша митинг латто", - аьлла юкъаралхочо Зязиков Идриса. Цо бахарехь, декъашхой даим а хийцалуш бу: нах цIа а боьлхий... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нурмагомедовн толам базбеш ю Дагестан

Оьрсийчоьнан ММА-н латархочо Нурмагомедов Хьабиба толам баьккхира Ирландерчу Макгрегор Конорца хиллачу латарехь. Маршо Радион «Current Time» проектан корреспондент хилира ХIинжа-гIалахь.




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *