Итон-Кхелара вахархо даIишхойх дIакхетта аьлла, шеконашка эцна полицино
"Иза Шемарчу тIамехь дакъалоцуш хиларх тоьшаллаш доллушехь, меттигерчу талламчаша дуьхьало йинера бехкзуламан гIуллакх цунна дуьхьал доло. Прокуроран талламашкахь гучудаьлла, низам талхийна хилар",- аьлла, "Кавказан узел" агенталле дийцина республикерчу прокуратуран векало.
Цо чIагIдарца, талламчаша кхааридийнахь бухктакхаман гIуллакх долийна меттигерчу вахархочунна дуьхьал. Набахтехь даккха 15 шо кхачадо оцу бехко.

