"Ахмат" клубера аравели Емельяненко Александр
Стохка Чиллан-баттахь дуьйнна вара латархо "Ахмат" клубан декъахь. Спортехь волчу заманчохь Емельяненкос 27 толам баьккхина, 7 эшна иза.
Маршо Радионо яздира Охан-баттахь, Karate.ru сайтан хаамашна тIе а тевжина, социалан машанехь шен фанаташца хиллачу къамелехь гоьваьллачу оьрсийн латархочо Емельяненко Александра, ша Нохчийчуьрчу "Ахмат" тобан лигехь кхи дIа цахиларх дIахаийтарх. ТIаьхьо ша Емельяненкос бакъ ца йира и информаци.
Ишта Маршо Радионо хааме даьккхира, Гезгамашин-баттахь Соьлжа-ГIаларчу Миллионщиковн цIарахчу мехкдаьттан университетан 1-чу курсе деша хIоьттина хиларх Емельяненко Александр. ТАСС агенталле биенера и хаам университетан проректоро Гайрбеков ИбрахIима.