Лос-Анджелесан йистерчу барехь герзаш диттина 11 стаг лазийна
Los Angeles Times хьосте полисхочо дийцарехь, 30-зза герз дассийна хилла зуламхочо бар чохь. Ишта, кIур хоьцу гранаташ кхуьйсуш хилла цо барехь.
Баран сайтерчу информацица, кхаарийн буьйсанашкахь колледжашкарчу дешархошна лерина кантри музыка лоькху цу чохь. Масех бIе стаг хила тарлора цу гIишлочохь, аьлла шерифан векало. ТIелеттарг дIалаьцна аьлла, хаам бац зорбанашкахь.