Москох нохчочуьнга бехк кховдийна Буденовскана тIелатар деш дакъалацарна
Черхиговна бехке дуьллуш ду 23 шо хьалха Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш Буденновскана тIелатар деш дакъалацар. Цу хенахь 17 шо хилла Черхигов лецира Москох ФСБ-н белхахоша Лахьанан-беттан 19-чохь.
Талламан комитетан векалша дийцарехь, и стаг бехке хилар гучууьдаьлла тешаш дина тоьшаллаш бахьана долуш.
ФСБ-но гайтира Черхигов лоцуш яьккхина видео.