Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Ноябрь
2018

Новости за 29.11.2018

Radiomarsho.com 

Зурабишвили Саломе ю гуьржийн президент

Паресишвили Мзия​                                                                                            Оргавелидзе Ираклий,                                                                                                     Маршо Радион гуьржийн сервис Кхаьжнаш дагардина дерраш а. Йозуш йоцчу, ша-шеггара харжамашна юкъаяхначу Зурабишвили Саломегахьа бу 59,52% харжамхой. Цуьнца къовсалуш хиллачу "Цхьааллехь бу ницкъ" цIе йолчу оппозицин партерчу Вашадзе Григолна кхаьчна 40, 48% кхаьжнаш. Иштта бу Гуьржийчоьнан харжамийн комиссин хаам. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Герз а доккхуш, Соьлж-ГIалара ши вахархо лаьцна Москох

Герз а доккхуш, Нохчийчуьра ши вахархо лаьцна Москох. "Москва" агенталло бинчу хаамца, и инцидент хилла кхаарин дийнахь Таганскийн кIоштахь. Некъан йистехь лаьттачу BMW X5 машенна тIебахна хилла полисхой. ЦIеххьана цу чуьра араиккхина къайлавала гIоьртина ши стаг. Оццу хенахь дIахаьхкина къайлаяьлла и шиъ чохь хилла машен. Полисхойх вада гIоьртинчу шиннах цхьаммо тапча а, урс а охьакхоьссина полисхошна а гуш. Цу шинан кехаташ теллича гучудаьлларг ду и шиъ 37 а, 31 а шераш долу Соьлж-ГIалара вахархо хилар. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Москох нохчочуьнга бехк кховдийна Буденовскана тIелатар деш дакъалацарна

Москох талламан комитето бехк кховдийна Нохчийчуьрчу вахархочуьнга Черхигов Хазвахе терроризм лелорна а, адамаш дайарна а. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Оьрсийчоьнан талламан комитетан сайта тIехь. Черхиговна бехке дуьллуш ду 23 шо хьалха Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш Буденновскана тIелатар деш дакъалацар. Цу хенахь 17 шо хилла Черхигов лецира Москох ФСБ-н белхахоша Лахьанан-беттан 19-чохь. Талламан комитетан векалша дийцарехь, и стаг бехке хилар гучууьдаьлла тешаш дина тоьшаллаш бахьана долуш. ФСБ-но гайтира Черхигов лоцуш яьккхина видео.

Radiomarsho.com 

Москохь веллачу мигрантах жоп доьху Таджикистано

Таджикистанан чоьхьарчу гIуллакхийн министро шен Оьрсийчуьрчу коллеге хаийтар дехна, Москох полицино хаттам бан вигинчохь валар муха нисделла шен махкахочун. Оьрсийчоьнан полицино Шоев ИлхIомиддин дог лаза а даьлла, кхелхина боху. Амма Таджикистанерчу гергарчара иза йиттина вийна, аьлла даржийна.

Radiomarsho.com 

Бизнесхочуьнгара нуьцкъала машен яьккхина кхо нохчо лаьцна Петарбухехь

Петарбухан полицино кхо нохчо лаьцна кхаарин дийнахь, меттигерчу вахархочуьнгара машен яьккхина аьлла, шеко йолуш. ФАН (Федеральное агнество новостей) агенталло бинчу хаамца, шинарин сарахь 9 долуш кхаа стага тIелатар дина хилла Северный проспектехь тIекъелдинчу цIенна хьалха лаьттачу меттигерчу бизнесан компанин 35 шо долчу инарлин директорна. Цара, нуьцкъала дIа а яьккхина, дIайигина цуьнан Volkswagen Polo машен. ШолгIачу дийнахь полицин талламхоша лаьцна 40, 32, 29 шераш долу кхо стаг. Гучудаьлларг ду уьш берш нохчий хилар. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Къона рекордхочунна берийн ловзо хӀуманаш оьцур ю ша, боху Кадыровс

Нохчийчуьрчу 5 шо долчу спортхочо Куриев Рахьима кхин хьала ца гIоттуш 2 сохьтехь 3202-зза куьйгаш тIехь дегI лелийна Соьлж-ГIалахь. Цу кепара цо 6 дуьненан рекорд хIоттийна аьлла хаам бина РИА Новости агенталле Оьрсийчоьнан рекордийн книган коьртачу редакторо Коненко Станислава.  Къона спортхочунна, туькана а вигна, ловзо хIуманаш оьцур ю ша аьлла хIинцале а Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Radiomarsho.com 

Президентан харжамашкахь Зурабишвили тоьлла хилар дIакхайкхийна Гуьржийчохь

Гуьржийчоьнан харжамийн коьртачу комиссино дIахьедар дина Зурабишвили Саломе тоьлла хилар, 99,7 % кхаьжнаш дагардинчул тIаьхьа. Цуьнца и дарж къовсуш хилла Вашадзе Григола гулдина 40,44% кхаьжнаш. Комиссино бинчу хаамца, Зурабишвилина шен кхаж дIабелла 1146063 харжамхочо, Вашадзена кхаж дIабеллачу нехан терахь ду - 778167. Президентан харжамийн шолгIа мур хилла Гуьржийчохь кхаарин дийнахь.




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *