Таджикистанан чоьхьарчу гIуллакхийн министро шен Оьрсийчуьрчу коллеге хаийтар дехна, Москох полицино хаттам бан вигинчохь валар муха нисделла шен махкахочун. Оьрсийчоьнан полицино Шоев ИлхIомиддин дог лаза а даьлла, кхелхина боху. Амма Таджикистанерчу гергарчара иза йиттина вийна, аьлла даржийна.