Кадыровс а, Евкуровс а дозанаш къастор низамашкахь ду аьлла, дIакхайкхийна Конституцин кхело
Иштта кхело динчу хьесапца, шина республикана юкъахь дозанаш къастор тIеэца догIуш ду массо а Оьрсийчоьнан субъекташкарчу Iедалан органаша. Цул совнах, билгалдоккху кхелахоша, шайн сацам тIаьххьара а бу, кхи дIа латкъамашка баккха йиш йолуш а бац аьлла.
Маршо Радионо ма яздарра, шина регионан куьйгалхоша Евкуров Юнус-Бека а, Кадыров Рамзана а ГIадужу-баттахь куьйгашяздира дозанаш къасточу бертан.

