Урс дохьуш школе а веана, кхерамаш туьйсу Москохарчу доьшийлехь кхиазхочо
Хьалхо школерчу инцидентах дийцира Mash телеграм-канало. Цо яздарехь, 16 шо долу кIант лоьмар 1359 йолчу школе веана хилла урс дохьуш. Доьшийлан хадархочун а, администраторан тидам хиллера, цуьнан куртки чухула кхозучу дехачу урсан. ТIехулара бедарш дIаухкучу хIусамчу кIант вахча, неI къевлинера хадархочо, иза бале ца валийта дешархошна. Делахь а, кIентан аьтто баьлла цу чуьра аравала.
Ша шена тIе куьйг хьур ду а бохуш, кхерамаш туьйсуш лаьтта и кIант школан учахь, кхайкхина ялийначу шен ненаца къамел дан а дуьхьало йина. "Интерфаксо" яздо, бераш а, хьехархой а школачуьра арабаьхна аьлла.
Mash гIирсо къадийна, шен нийсархошца юкъаметтигаш шийла латтарх цу кIентан, амма хIинццалц схьа шегара агресси гайтина ца хиллера цо боху. Школан психолог а хилла кхиазхочуьнца болх беш.

