Москальковас дехар дина Пономарев маьршаваккха аьлла
"Суна хетарехь, цунна таIзар деш, тергоне ца эцна, иза ханна воккха хилар а, могуш ца хилар а, иза юкъаралхо хилар а", - аьлла Москальковас шен официалехь Москохарчу кхеле динчу дIахьедарехь. Пономаревна дуьхьал даьккхина гIуллакх юха а даккхий, иза дIахецар тIедожийра Москохарчу Хельсинкан тобано (МХГ) а.
Сил къиза таIзар деш кхело тIеэцна сацам "цхьа а агIо йоцург ду" аьлла бакъонашларъярхоша. Пономарев Лев чуволлар маршо хьашар а, цо бен болх бахьана долуш дина таIзар а ду аьлла МХГ-н белхахоша а.
Цхьааллин пикеташ дIаяьхьна Москох Пономарев арахецар доьхуш.
Кху беттан 5-чохь дуьйнна дIалаьцна ву Пономарев, "Новое величие", "Сети" гIуллакхашна тIехула бехкебечарна тIехIуттуш акци дIаяхьарна.

