Ницкъахойн декъехь болх бинарг велла карахь граната а иккхина
Болчу хаамца, хинкеманахь Соьлжехула и шиъ охьавогIучу хенахь, ШаIмана оьккхуьйтург схьа эцна. Дийцарехь, иза хи чу а кхоьссина, чIара къарбан ойла хилла цуьнан. Амма цхьаъ нис а ца делла, граната цуьнан керахь иккхина. Хиллачу зенах ШаIман меттигехь кхелхина, ткъа цуьнан накъостан когана чов йина.
Маршо Радионе кхаьчначу хаамца, 2006-чу шарахь Нохчийчохь кхоьллинчу "Юг" батальонан юккъехь Гайдуков ШаIмана дакъа лаьцна Iедалша хьаннашкарчу тIемалошна дуьхьал дIахьочу операцешкахь. ТIаьххьара масех шарахь а ницкъаллин структурехь болх а бина цо.
Маршо Радион хьостано дийцарехь, Iедалхоша дихкина, дакъа цIадерзош хиллачарна шайна гинарг даржор.
Гайдуков ШаIманах тIаьхьдиссина ялх бер а, ши зуда а.