Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Хасаевн гIуллакх Москох таллар тIедожийна адвокаташа

Екатеринбургехь бизнесхо Арутюнян Ашот веран гIуллакх толлучара тидаме ца оьцу бехкевечу Хасаев Мовсаран алиби хилар а, иза бехке вац бохуш, ден тоьшаллаш а дуьту тергамза аьлла, дIахьедина цуьнан адвокато Абубакаров Жабраила. Хасаевн гIуллакхах информаци шайга дIакхаьчна аьлла, тIечIагIдина адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан куьйгалхочо Федотов Михаила.


"Оха дехар дина Свердловск кIоштан омбудсмене Мерзлякова Татьяне, оцу гIуллакхан терго яр доьхуш. Мерзлякова нийсоне гIерташ, жоьпалле стаг ю. Бакъо толор ю аьлла хета суна иза юкъагIоьртича а", - аьлла Федотовс.


Ведана кIоштарчу вахархочунна тIехIоьттина Нохчийчоьнан куьйгалхочун Свердловскера векал Мамаков Салавди а. "URA.RU" хьостан хаамашна тIе а тевжаш, Маршо Радионо шен агIонашкахь дукха яздира, 2011-чу шеран бIаьста Екатеринбургехь Белинскийн урамехь герз тоьхна криминалан гонашкахь дика вевзаш хилла Арутюнян Ашот вийна аьлла, кху шеран Дечкен-баттахь Устрада-гIала а баьхкина, меттигерчу ОБОП-н белхахошца цхьана лаьцна, дIавигинчу Хасаев Мовсаран хьокъехь.


Свердловскан кIоштарчу Талламан комитетера Оьрсийчоьнан Талламан комитете Хасаевн гIуллакх листар дехьадаккхар тIедожош, кехат дахьийтина комитетан куьйгалхочун Бастрыкин Александран цIарах адвокато Абубуакаров Жабраила, яздо "Кавказан узел" агенталло.


"Веданара бIе гергга вахархо догреза ву кхеле а веана, мукIарло дан, Арутюнян вийначу дийнахь шен деваша дIавуллучу тезетахь вара Хасаев Мовсар аьлла. Оцу нахалахь бу республикехь лараме болу динан векалш а. ХIетте а цаьрга ладогIар, уьш лебар тIе ца дуьту талламчаша, - аьлла адвокато.


Ишта латкъамаш бина ХасаевгIеран гергарчара, шайна тIаьхьа бевлла лелаш нах хиларна. "Тхуна юьхьадуьхьал бевза тхайн лар лаьцна лела нах, оха телефонашкахула дечу къамелашка а цхьана ладоьгIу цара…Амма и дерриг а кIезиг хIуманаш ду, тхан вешина дуьхьал бехк боцуш даьккхинчу гIуллакхца дуьстича", - аьлла Хасаев Мовсаран вашас Шемала.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *