Якутерчу набахтехь мацалла кхайкхийна тутмакхаша
Царна етташ стаг а вац, мел оьшург йолуш ю церан аьлла, дIахьедина ФСИН-ан белхахоша. Амма бакъдина цара, гIуда тухучу изолятор чохь шайн могушаллина зенаш цара дина хилар.
Дуьххьара дац, Оьрсийчоьнан набахтешкарчу лецначара латкъамаш бар, шаьш латточу хьелашна а, набахтийн белхахоша шайна тIехь ницкъабарх, аьшнашдарх.
Кху аьха "Новая газетано" зорбане яьккхира, тутмакхна Макаров Евгенийна тIехь Ярославерчу набахтехь Iазап латтош яьккхина видео. Талламан комитето бехкзуламан гIуллакх айдира хIетахь бехкеболчу колонин белхахошна дуьхьал, ишта кхетош-кхиоран белхан хьаькаман гIовс таIзаре хIоттийра.

