Страсбургехь вийначу веанна юкъахь ву Италера журналист
Страсбургехь герз диттина верриг вийнарг ву 4 стаг. Цунах лаьцна хаам бина Associated Press агенталло, прокурорашна тIе а тевжаш. Хьалхо хаам бинера цу гIаларчу базарахь тIелатар дар бахьана долуш кхелхинарг 3 стаг ву аьлла.
ГIура-беттан 14-чу сарахь йовзийтина герз диттинчу дийнахь дуьйна вочу хIолехь дарбанан хIусамехь хиллачу 4-чу веллачуьнан цIе. ПIераскан сарахь Италин прмьер-министро Конти Джузеппес дIахьедар дира, иза шайн махкара журналист Мегалицци Антонио ву аьлла. И стаг хилла Europhonica радион Страсбергера корреспондент.
И зулам дина 29 шо долу Страсбургехь вина Шекат Шериф полисхоша вийна, шина дийнахь дIаяьхьначу лерринчу операцехь.