Iамеркахоша бIаьргаш Iовжон газ хецна мухIажиршна тIе
Associated Press агенталлан корреспонденто чIагIдарехь, тIулгаш кхийса буьйлабелла мухIажирш, дозанхоша шайна газ хецначул тIаьхьа.
Байначу баттахь Гондурасера йогIучу караванца дозане кхаьчна шаьш аьлла мигранташа. Тихуанехь куп тоьхна Iа уьш, Iамерке политикан тховкIело еха шайн ка яллалц. Амма тховкIело оьшурш дукха хиларна, масех батте дIадахдала куц ду церан гIуллакх.