Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Январь
2019

Новости за 02.01.2019

Radiomarsho.com 

Зударий зиярте битарна дуьхьал протесташ йолийна ХIиндойчохь

Индуисташ зиярате хIуьттучу Сабаримала гIаларчу килс чу зударий битина аьлла, протесташ кхайкхийна ХIиндойчуьрчу Керала штатехь. Гулбелларш къахкорхьама бIаьргаш Iовжон газ хецна полисхоша, хаамбо хIиндойн зорбанаша. Масех некъ дIакъевлина протестхоша. Цхьаболчу дуьхьалончаша кхайкхамбора туьканийн долахошка, шайх схьакхета бохуш. Цхьаццайолчу штатан кIошташкахь полисхошна тIе тIулгаш лестадора бахархоша. Масех бIешерашкара схьа шинаридийнахь дуьххьара  аьтто баьллера шина зудчун килс чу а яхна, ламаз дан. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Магнитогорскехь беллачийн терахь кхуьуш ду

Магнитогорскехь беллачийн терахь 19 стаге хьаладаьалла. Орцанхоша херцаршлара хьалабаьхна: зуда а, стаг а, кхо шо долу йоI а. 22 стаг каронза вуьсуш ву. Тахана, кхааридийнахь тезет хIоттийна йоллу Челябинскан кIоштахь. Хьалхо кIелхьардаьккхина 11 бутт болу бер чолхечу хьолехь ду, амма цуьнан могушаллина кхи дIа кхераме хIуммаъ дац аьлла могушаллин министро Скворцова Вероникас. Ишта цо билгалдаккхарца, йоьIан нана бераца ю. Орцан министраллан белхахоша чIагIдарца, херцарш луьстуш, нах лоьху болх еа рожехь дIахьош бу. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Магнитогорскерчу херцаршлахь бер карийна

Магнитогорскехь чуйоьжначу подъездан херцаршлахь II бутт болу бер карийна орцанхошна Бохам иккхина меттиг йохъеш хиларна а, бер дIахьарчийна хиларна а дийна дисина иза.

Radiomarsho.com 

Iамеркахоша бIаьргаш Iовжон газ хецна мухIажиршна тIе

Мексикаца долчу дозанехь бIаьргаш Iовжон газ а хецна, мухIажирш къахкийна Iамеркахойн дозанхоша. Associated Press агенталло Iорабаьккхина и хаам. Церан хаамашца, Тихуана гIалин кIоштарчу дозанехь чекхвала гIерташ хилла 150 мухIажир. Масийтта мигрант шайна тIе тIулгаш лесто волавелча, царех лардалархьама хийцира шаьш бIаьргаш Iовжон газ аьлла дозанхойн урхаллехь. Цул совнах, сераца йинчу дуьхьалонна тIехула масех бер дехьадаккха гIерташ хилла кхелхина богIурш. ДIалаьцна 25 стаг. Associated Press агенталлан корреспонденто чIагIдарехь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Урдунехь нохчийн инарлана тIелатар дина зуламхо лаьцна

Нохчийн диаспоран декъахочунна, инарлана, Урдунехь мэр а лаьттина, юьртбахаман министраллан урхаллехь хиллачу Исмаил аш-Шишани Мухьаммад Баширна кIелоярна шеконашца Зарка гIалахь дIалаьцна цхьа стаг. Байначу беттан тIаьххьарчу деношкахь тIелатар динера Исмаил аш-Шишанина. Буьйсан юккъехь 74 шо долчу инарлан хIусам чу а иккхина, цунна йиттинера вевзаш воцчу зуламхочо. Дарбан цIийне валийнера къано чолхечу чевнашца. Байначу беттан 29-чохь хаам хилла, полицино бехке ву аьлла, цхьа стаг дIалацарх. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Шпион" ву аьлла, Москох дIалаьцна Iамеркахо кест-кеста вогIуш хилла Оьрсийчу

Шпионалла лелийна аьлла, Москох дIалаьцна Iамеркахо 2007-чу шарахь дуьйнна кест-кеста вогIуш хилла Оьрсийчу аьлла, хаамбина Washington Post хьостано. 48 шо долу Уилан Пол официалехь машенийн меженаш ечу BorgWarner компанехь болх беш хилар къаьстина газетана. Компанехь кхерамзаллан директор ву Уилан. Иштта зорбанехь дуьйцу, Уилан - хIордан пехотехь лаьттина хилар а. Шозза Иракъерчу тIеман кампанехь дакъалаьцна а ву иза, Iамеркан эскарера дIаваьккхира иза къоланаш дарна. Уилан доьзало бакъдо, цуьнан иччархошца уьйраш хилар. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Хьабиб а, Конор а юха лата тарло

Кхин цкъа а вовшахтасалур ву Оьрсийчоьнан латархо Нурмагомедов Хьабиб а, ирландхо МакГрегор Конор а. UFC-н куьйгалхочо Уайт Данас бина и хаам. "2019-чу шарахь юха а и шиъ цхьанакхетар ву аьлла хета суна. Нагахь планаш хийца ца лахь, вовшахтасалур ву Нурмагомедов а, МакГрегор а", - аьлла, дIахьедина Уайта TMZ хьостане. UFC 229 турнирехь хиллачу латарх Невада штатан Атлетикан комиссино дендолчу  жамIех доьзна ду шина спортхочун тасавалар аьлла, тIетоьхна UFC-н президенто. Нурмагомедовца лата хьалхара бакъо кхача тарло Фергюсон Тонига... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГIебартойн пхи шо долу йоI цIа ялийна Иракъера

Байначу беттан 30-чу дийнахь Гергарчу Малхбалера цIадерзийначу берашлахь хиллера 2015-чу шарахь Оьрсийчуьра дIадигина Нальчикерчу яхархочун Налоева Мадинин беран бер. Оьрсийчоьнан берийн омбудсменан информацица, Иракъера кхин а 36 бер даймахка дерзор ду карарчу баттахь. Кху деношкахь Иракъера схьакхачийна бераш Москохарчу реабилитацин центрехь латтош ду. Лоьраша церан могушаллех талламбинчул тIаьхьа, оьшу дарба а лелийна, церан гергарчаьрга дIалур долуш ду уьш, хаамбина Нальчик гIалахь ехача Налоева Мадинас. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Дахначу шарахь цIераш йийлина 386 меттиг тIечIагIбина

Дахначу дийнна шерачохь Нохчийчохь цIеяьлла 386 меттиг тIечIагIбина. Оцу бохамах кIелхьарваьккхина 344 стаг. Мехкан орцан министраллан (МЧС) куьйгалло дина цу кепара дIахьедар. Къаьсттина дукха цIераш юьйлура нах бехачу секторшкахь, дукха хьолахь, газаца доьзна. "Республикехь 386-зза цIе елира.Тхан орцанхоша оцу цIерашкара 344 вахархо а, 96 миллион соьмана церан бахам а кIелхьарбаьккхина", - хаамбо орцан министраллан куьйгалхочо.

Radiomarsho.com 

Зорбанаш: Магнитогорскерчу цIа чохь динарг теракт хилла

Байначу беттан 31-чу дийнахь Магнитогорскерчу тIекIелдинчу цIийнан подъезд охьахарцар а, шинаридийнахь "Газель" машенца хилла инцидент а вовшашца дозуш ду аьлла, хаамбина Znak.com гIирсо шайн хьостех пайда а оьцуш. Маркс Карлан цIарахчу урамера 164 лоьмар йолчу цIа чохь эккхийтар хилла меттиг къастийна – байначу беттан 30-чу дийнахь цхьана стага ханна лаьцна хилла и петар. Гексогенан лараш карийна цу чохь аьлла, дийцина Znak.com хьосте. "Шинаридийнахь "Газель" автомобил чохь герзаца дуьхьало йина кхо террорхо вийра. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Трампа 4 бутт хан елла Шемара Iамеркан эскарш арадаха

Шемара Iамеркан тIеман контингент араяккха биъ бутт гергга хан яла реза хилла Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президент Трмап Доналд. The New York Times хьостано бо и хаам, администрацерчу шайн хьосташна тIе а тевжаш. Хьалхо сенаторо-республиканхочо Грэм Линдсис дIахьедира, Шемара эскарш арадаха сих ца вала сацамбина Трампа аьлла. ХIетахь сенаторо хенаш ца йийцира. Байначу беттан 19-чохь Iамеркан президенто дIакхайкхийра, шайн пачхьалкхан тIеман ницкъ Шемара гергарчу шина баттахь арабоккхург хиларх. Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *