Хьабиб а, Конор а юха лата тарло
UFC 229 турнирехь хиллачу латарх Невада штатан Атлетикан комиссино дендолчу жамIех доьзна ду шина спортхочун тасавалар аьлла, тIетоьхна UFC-н президенто. Нурмагомедовца лата хьалхара бакъо кхача тарло Фергюсон Тонига, я Холлоуэй Максе аьлла Уайта.
Карладоккху, ГIадужу-беттан 7-чохь Лас-Вегасехь летира Нурмагомедов а, МакГрегор а. Дагестанхочо толам баьккхира оцу турнирехь. Цул тIаьхьа хьовсархошна юкъахь летарш хиллера.