Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

ГIебартойн пхи шо долу йоI цIа ялийна Иракъера

Байначу беттан 30-чу дийнахь Гергарчу Малхбалера цIадерзийначу берашлахь хиллера 2015-чу шарахь Оьрсийчуьра дIадигина Нальчикерчу яхархочун Налоева Мадинин беран бер. Оьрсийчоьнан берийн омбудсменан информацица, Иракъера кхин а 36 бер даймахка дерзор ду карарчу баттахь.


Кху деношкахь Иракъера схьакхачийна бераш Москохарчу реабилитацин центрехь латтош ду. Лоьраша церан могушаллех талламбинчул тIаьхьа, оьшу дарба а лелийна, церан гергарчаьрга дIалур долуш ду уьш, хаамбина Нальчик гIалахь ехача Налоева Мадинас. Пхи шо долу цуьнан кIентан йоI а ю царлахь.


2015-чу шеран Чиллан-баттахь Мисара дIавахара цуьнан кIант Налоев Нодар, шен доьзалхо а, хIусамнана Эфендиева Iайшт а эцна. ТIаьхьо Туркойчу дехьа а ваьлла, шен зуда юха яийта гIиртина хиллера иза. ЦIа ян дуьхьало а йина, цуьнца цхьана Шема дIаяханера Iайшат, циггахь хилира церан шолгIа доьзалхо а.


Дахначу шеран бIаьста Налоева Мадинас хаамбинера, Иракъерчу Талль-Афар гIаларчу пачхьалкхан набахтехь ю шен нус а, цуьнан ши доьзалхо а аьлла. Гергарчу Малхбалера зударий а, бераш цIадерзочу массо а инстанцешкахула чекхъяьллера зуда, шен нус а, бераш а цIа далор доьхуш.


"Цкъачунна даймахка далийна бераш, Оьрсийчохь дуьненчу девлларш ду. ДаIишхоша дIалаьцначу территореш тIехь дина бераш тIаьхьо цIа дерзор долуш ду. Хууш дац, маца хир ду и", - аьлла Мадинас, кIентан шолгIа кIант а, цуьнан зуда а Иракъерчу набахтехь дисар хьахош. Шен кIентан кхолламах хууш дац шена аьлла цо.


 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *