Курдойн карабахна "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан декъашхой
Агенталлан хьосташа дийцарехь, Iамеркан ВВС-н ницкъаша гIо а латтош, коалицин аьтто баьлла Иракъан дозанера Эл-Багуз эвла схьаяккха а. Оцу юьртахь куп тоьхна радикалаш, шаьш бен тIемаш совца а бина, карабахка реза хилла.
"Демократин Шеман ницкъаш" коалицин даIишхошца хиллачу бертаца а догIуш, гергарчу сахьташкахь Iарбойн, курдойн тобанийн карагIур ву 440 тIемало.
Коалицин тобанаша а, "Исламан пачхьалкхах" бисинчу ницкъаша а маслаIат дира пIераскандийнахь. Церан барт хиларца ка елира Эл-Багузна гена йоццучу мухIажирийн куьпа гуманитаран гIо чукхачо.