Кадыров юхавирзина шен дарже
И бахьана долуш ханна республикан куьйгалхочуьнан декхарш кхочушдар тIедожийнера цо меттигерчу Iедалан куьйгалхочунна Хучиев Муслимана. Кадыровс билгалдаьккхина, шен могашалла хIинца дика хилар.
Хьалхо Оьрсийчуьрчу зорбанан гIирсаша хаамаш баржийнера, Кадыровс шен метта Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан декхарш ханна кхочушдийриг хIоттийна аьлла, могашалла галъяларца доьзна. Цхьадолча хьастанаша яздора, цо шена тIаьхьалонча хаьржина бохуш.