Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Февраль
2019

Новости за 19.02.2019

Radiomarsho.com 

"Ша бункер чохь а Iаш, оха блок-пост дIакъовла еза?"

Кадыровс блок-посташ дIаяха аларо гIайгIане баьхна "Чермен" пост латтош болу хIирийн хьаькамаш ХIара Iа долалучу муьрехь дара Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Къилбаседа Кавказан республикийн дозанашкахь лаьтта полицин хаш дIадаха дезара, цара дерза ца дуьту нехан дегнаш чуьра тIеман хьал, аьлча. Цхьаболучара, Кадыров бакъ ву, "КПП" олучу полицин хаша ирча сурт латтадо регонехь, олу. Амма хIирийн хьаькамашна ца тайна дIахьедар, кхерамзаллина эшам хир бу, боху. Массарел а чIогIа оьшу блок-пост ю ГIалгIайчоьнца лаьтта "Чермен" пост... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Евробарт: Уггар дукха адамийн бакъонаш йохон меттигаш ю Нохчийчоь а, ГIирма а

Саццаза адамийн бакъонаш йохош йолчу пачхьалкхашна юкъахь Оьрсийчоь пхоьазза хьахийна Европан Бертан арахьарчу гIуллакхийн кхеташоно тIеэцначу резолюцехь. Цу документана тIехь иштта юьйцуш ю Белорусси а, Китай а, ГIажарийчоь а, Бурунди а, Камбоджа а, СаIудийн Iаьрбийн Пачхьалкх а, Мьянма а, Венесуэла а, Къилба Судан а, Туркойчоь а, Зимбабве а. Евробертана хетарехь, адамийн бакъонаш кхечу меттигашкахьчул а алсам кIоршаме йохош йолу меттигаш ю Нохчийчоь а, ГIирма а, Севатополь а, ткъа иштта Украинин... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Гудермес" подстанцехь дIаяьлла ток

Кхин маситта юрт электросерлонах дIахаьдда Нохчийчохь Чиллан-беттан 19-чу дийнахь, хаам бо "Интерфаксо". ДIаяьлла "Гудермес" подстанцина тIе йогIу ток. Ток йоцуш висина 40, 5 эзар вахархо. Иза шолгIа электросерло дIаялар ду Нохчийн Республикехь, хаам бо Оьрсийчоьнан энергетикан министраллан сайто. Хьалхо хаам бина ма хиллара, 23 гергга эзар вахархо ток йоцуш висина ву Хьалха-Мартан кIоштарчу 6 эвлахь а.

Radiomarsho.com 

Хьалкеларчу Iабдурахьманан 7 шо дара хIетахь

1944 шарахь къам махках доккхуш а, 1957 шарахь депортацера цIавеъча а шена Iедалера а, Нохчийчохь бухахь бехачу нахера а хезарг цхьаъ дара боху 80 – лара ваьллачу хьалкелочо Iабдурахьмана.

Radiomarsho.com 

ГIалгIай – Путине: "Тхо массарел а кIезиг бакъо йолу къам ду"

Садовская Алена Казахстанерчу гIалгIаша, шайна аьтто бац даймахка юхадерза, реабилитацех долу низам кхочушдеш дацарна а, Къилбаседа ХIирийчоь дуьхьал латтарна а, боху. Иштта хоуьйту, шайна нохчийн-гIалгIайн дозанаш къасточу барамо бинчу хьаамах лаьцна а. Оьрсийчохь шаьш "массарел а кIезиг бакъо йолу къам ду", яздо цара президенте Путине. Махкахбаххарх Казахстанера цIаберзаза бисинчу гIалгIайн диаспоро – даймахкал арахьарчу гIалгIайн уггаре йоккха диаспора ю иза - 1000 куьг лахьийна шаьш Путин Владимире дечу дIахьедарна буха. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Лотох ловзуш 3 миллион сом даьккхина Соьлж-ГIаларчу вахархочо

ДIадаханчу кIиранан дийнахь лоторейх кхаж баьлла Нохчийчуьрчу вахархочун, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло. "Рапидох" ловзарехь 3 426 018 сом даьккхина цо. Цу ахчанан дех лаьцна хууш ду иза Соьлж-ГIалара вахархо хилар. "Рапидо" хIора 15 минот масоз йолу ловзочу сихачу лоторейн тираж ю. Соьлж-ГIаларчу вахархочунна хиина билетан хьархарчу декъан 20-нах 8 терахь а, шолгIа декъерчу 4-х цхьа терахь а. Цу кепара цо схьаэцна цу сохьтана гулделла хилла ахча – 3 миллион сов сом.

Radiomarsho.com 

Ярославлехь лаьцна №1 колонин хилла хьаькам

Ярославлехь лаьцна цигарчу №1 йолчу колонин хьаькам хилла Николаев Дмитрий. Цунах лаьцна хаам бина "Общественный вердикт" фондо, Талламан комитетана тIе а тевжаш. Болчу хаамца, цу стагана дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх доьзна ду чубоьхкинчу нахана тIехь Iазап латторца. Эшам хилла лоруш ву цу колонехь хан токхуш хилла маситта тутмакх. Стохка, 2018-чу шарахь, Мангалан-баттахь Ярославлан кIоштарчу №1 колонехь кIиза йиттинера цигахь хан токхучу Макаров Евгенийна. Талламан комитето таллам болийра. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийн 600 йиш а, мукъам а чулоцу гулар ю арахоьцуш Нохчийчохь

Нохчийчохь кху шара арахоьцуш ю 600 нохчийн йиш а, мукъам а чулоцу гулар. Цу арахецарна юкъахь хир ю тексташ а, ноташ а. Проектана Iуналла деш ю республикера Халкъан кхоллараллан центр. Нохчийчоьнан културан министро Дааев Хож-Бауддис дийцарехь, тайп-тайпанчу композиторийн кхолларалла гулъярца боьзна болх болийна 2018-чу шарахь. Нохчийн композиторш кхоьллина иллеш а, мукъамаш а дIаяздеш ду ноташца.

Radiomarsho.com 

Эзарнаш бахархой ток йоцуш буьсуш бу Нохчийчохь

23 гергга эзар вахархо ток йоцуш висина Нохчийчохь. Бахьана ду трансформатор болх бечура сацар. Тоьках дIахаьдда Хьалха-Мартан кIоштара цхьамогIа эвланаш, хаам бо "Интерфаксо", Оьрсийчоьнан энергетикан министраллан векалшна тIе а тевжаш. Ток йоцуш йисинчу меттигашкахь хIаваан температура ю 0 градус.

Radiomarsho.com 

Кадыров юхавирзина шен дарже

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаам бина, ша шен дарже юхавирзина хиларх лаьцна. Телеграм каналехь цо бинчу хаамца, иза могуш воцуш хиллера, лаьмнашка ваханчохь сиркхо а хьакхаелла. И бахьана долуш ханна республикан куьйгалхочуьнан декхарш кхочушдар тIедожийнера цо меттигерчу Iедалан куьйгалхочунна Хучиев Муслимана. Кадыровс билгалдаьккхина, шен могашалла хIинца дика хилар. Хьалхо Оьрсийчуьрчу зорбанан гIирсаша хаамаш баржийнера, Кадыровс шен метта Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан декхарш ханна кхочушдийриг хIоттийна аьлла... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Ши стаг вийна Нохчийчохь некъахьовзамехь

Ши стаг вийна, кхин а виъ лазийна Нохчийчохь Lada Kalina а, Mercedes а вовшахкхетарна. Цунах лаьцна ТАСС агенталлана хаам бина республикерчу некъан полицин урхаллан векало. Бохам хилла Хьалха-МартантIера Мартан-чу боьдучу некъана тIехь. Болчу хаамца, делларг ду зуда а стаг а. Кхин а виъ стаг чевнаш хилла ву, шайна юкъахь ши шо кхачаза бер а, кхиазхо йоI а йолуш. Полицин векалша билгалдаккхарехь, некъахьовзам хиларан бахьана хила мега цу шина машенах цхьаъ техникан кхачамбацарш долуш хилар.




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *